Паччахьаш бохабеш йогIучу хенахь...

Адам Ахматукаев
Паччахьаш бохабеш йогIучу хенахь,
Паччахьаш балабеш йогIучу хенахь,
Оьздачу кIенташа кхойкхучу хенахь,
Кхайкхамна орца ца гуллучу хенахь,

Дуьненах бала беш йогIучу хенахь,
Сий мел дерг и доцчух къехкачу хенахь,
Доьзалш шайн ламе буьйлучу хенахь,
Дай царна долара буьйлучу хенахь,

Сайна тIехIиттина киртигаш эшош,
Суна кху доккхачу дуьненахь оьшуш
ХIумма а дацара, цкъа дагавала
Да-нана дендар бен Дала.