Юхаоза жимма, Хьенех...

Адам Ахматукаев
Юхаоза жимма, Хьенех.
Эрна ма ду кху тIаьхьенех
Къена бехкаш дахар.
Селханенга бIаьрг схьабеллий,
Дуьйцуш хезний, гиний, леллий
Некъаш карладаха.

Царех дагалецам къехкарх,
Вайга лар ца делла бехкаш,
ЭхI, ма дукха хилла.
Вай тIаьхьенех уьш дIакъийларх,
Шерех дуьйлуш, айкх ма дуьйлу
Вайна мегаш хилларг.

Ламаз-мархий-м хIунда дуьйцу,–
Харц дуьнено туьйра дуьйцуш,
Когадахна дуй вай-м.
Стен я боьрша – башха воцуш,
Схьа мел оьхьург тIе а лоцуш,
Хьалакхиъна дуй вай-м.

ДагадогIий хьуна, пхьоьха
Гулъелла а йолуш, дехьо
Мала ховшуш хилла?
Хийра хелхарш дечохь вайна
Тайна я вай дIатIетайна
Хилла мехкарий а?

Хьостий, хьогий йоьIан Iехам,
Тилайой и, марзо леха
Лелар гена долий,
Шарбал йоккхуш я ца йоккхуш,
Моллас, къа а тIерадоккхуш,
Мехах маха борий?

Цу къиношлахь бинарш беца
Мах ца хеташ ворхIе деца
Дуьне эвхьаздаккха.
Царна пурба ахь ма лохьа
Хьайн собаран дашо догIа
Пусар доцуш даккха.

Амма, церан бIаьрг схьабеллий,
Вайн ворхIе а дайшкахь лелла
Оьзда гIиллакх гайта.
ТIаккха царех, вайн ирсана,
Бала тарло махкана а,
Дуьне хьегош, пайда.