БIаьрхьалха бода а оьллина...

Адам Ахматукаев
БIаьрхьалха бода а оьллина,
Мотт Iехабайтина собаре,
Лерса тIедерзадеш моллина,
Ас карладоккхур ду тоба сайн.

Декъала со юха цIинвалар,
Бер санна, гIийла хир нахалахь.
Молла а  вохош – сох хинволу,
Сан тоба дохор ду дахаро.