Дуьненах тийсинчу некъаша...

Адам Ахматукаев
Дуьненах тийсинчу некъаша
Бахьанаш хIиттадахь йовза хьо,
Сайн седа-жайни тIехь декъала
Ган луур ду суна йоза хьох.

БIаьстенан мукъамехь дегачу
Аьзнаша вагийна волчу ас,
Хьан когабахаза хьегамаш
Iехийна, хIоттор яц холчу хьо.

Амма хьан синтемах хьаьрчар ву,
Къаьхкина эхартан кхерамах.
Хьан къинош сайна тIехьерчадеш,
Махьшаре хьур бу ас церан мохь.