Мирей Ташье

Адам Герман
Хьан кхоллам хиллера эшараш, безамах, дахарах лекхна.      (9Марта 2010г.)
Хьан дагчохь хиллера дешанаш, сан деган мерзаш 1ахь лаьцна.

Доьххьара хьоьга ладоьг1чи, доьххьара хезчи хьан аз,
Со дагчохь 1ахь т1ома ваьккхи, дуьненчохь йайна сан васс.

Сингатто йаьлла  д1айайна, синкъерам  эшараш  хьа(н).
Дала хьо диканна йелла, лаьара ирсе хьо га(н).

Зевне ду кхолламан эшарш, Дагачохь хьан, г1айг1а йу.
Декаш ду безаман аьзнаш, хьоьца тхо иллешкахь ду.

Хазди 1ахь мукъамаш, эшарш, тоьллачах кхолламан васт.
Декашду хьоьца тхан дегнаш,ницкъ кхоча г1уорийнарг даст.

Дала хьо тхуна схьайелла, дахаран совг1ат дина.
Везачу Аллах1а  дала, хьа Эхарт совг1ат дойла!
...         ...