Дера ду сан дахар сирла

Адам Герман
Дера ду сан дахар сирла, дюненахь Вехаш ма ву.
Везачу Аллах1а дала, декъала со вина ву.
Дахар сан нисделла доху,сан доьзалн хан яьлла йу.
Дахаран аг1уо суна белла, Аллах1а ирс стам дина,
Йа Аллах1, хастам асс бо-кха, реза со хьуна хилла!
Дюнена чу 1ахьа со воккхаш, дахаран ирс суна  луш,
Сан рицкъан доза ва доккхаш, дерриг хьо хилла-кха гуш.
Йа Аллах1,  хастама бина, со валац  Дюнена чохь.
Кханенан т1аьхье стамйоккхаш, байбелахь къиноййа мохь!
Хьо воцарг кхин дела воцаш, Ислам бен дин ца хилла,
Ма ч1ог1а ирс алсам доккхаш, дюне 1ахь делла хилла!
Хастам бу Аллах, сан дела,ла илах1 иллаллах1а,
Мухьаммад расулуллах1и! Амина Аллах1умма!
(09/01/10г.)