***

Асет Халикова
Ладоьг1у 1аламан тийналлин озе,
Дахаран къайленаш юьйцучу хьозе.
Хан – м1аьрго ю – кху дуьненчохь сецнарг,
М1аьрго ю, абадел шуьйра т1ам хецнарг.

Гуьйренан г1а санна, вайн денош оьгу,
Ца ваьлла вехарг хьоь мел г1ийла хьоьжу.
Тхох дисарх, буо доцу тхан миска дахар,
Хьуна хьалха а ду тхан синойн декхар.

Сайн дахар го суна, ч1урамах догу,
Тем боцу б1ешераш сан даг т1е оьгу.
И гар соь лан ца ло, амма бац эшам.
Ас дагца ларбина диканах тешам!