Сан дахар дац дала доьлча

Адам Герман
Са(н) дахар дац дала  доьлча,
Къаналле дег1 дирзича,
Безараш биц бала боьлча,
Герга ду валара са(н).

Са(н) дахар дац дала доьлла,
Болар а хийца делла.
Б1аьра са лахдала доьлла,
Къаналло лаьцна дег1 са(н).

Даймахкахь са(н) ойла лаьтта,
Кош-барзаш, дай, цу латтахь.
Са(н) дахар дац дала доьлча,
Са лаьтта, дай баьхначчахь.

Ма ч1ог1а са хьийза хьуна,
Дай баьхна са(н) Нохчийн Чоь.
Давис-кха, йиш йалар, дийца,
Са(н) дагчохь гулделларг хьоь.

Герга йу са(н) Зама тахна,
Аренаш луьсташ лелла.
Ц1а верза ойланаш лаьтта,
Дай бохка кешнаш хьаста.

Ма ч1ог1а са хьийза хьуна,
Са(н) ц1ийнах нах беха Юрт.
Жималла хьоца д1айахна,
Хьан кертахь х1оттор ду Чурт.

Сан дахар эрна ца хилла,
Безараш дуккха са(н) бу.
Са(н) ц1ийнах Нах дуккхаъ хилла,
Цхьан дагчохь со а хир ву.
                (02/Авг.2010г. – 02/Март 2011г.)