Адам ду со

Петимат Абубакарова
Адам ду  со,Адамах схьадаьлла,
Дуьне,Эхарт  деза  хилла  хьакъ,
Жимчохь  дуьйна ойла  акхаяьлла,
Довзалулш долу дерриг  Бакъ!

                * * *

Я  Рабби,доьху ас къинт1еравала,
Дуьнен т1е ялар а хетарна бала,
Х1илланех-хьаьг1нех ша дуьззина долчу,
Цкъа-цкъа  цуо  х1оттайо  со  ч1ог1а  холчу!
*  *  *
Дахар-и малар ду,
Кхийрачу вайн
дег1ан кхаби чу доьттина.
Ткъа валар –г1арол ду
1ожаллин 1айгаца
И чаг1ар д1амала х1оттийна.

   ***   ***   ***
Къоналла-лаамийн кема,
Дахаран х1орда т1ехь лела.
Ца хилахь лаамийн эла.
Г1ур дац и хи-кема гена.