Гочдарш

Петимат Абубакарова
          ГОЧДАРШ.

     «Зезаг»                А.С.Пушкин.
 
Тептар юккъехь худаделла,
1уьллу зезаг,диц а делла;
Акхайолу тамашийна,
Са д1алоцуш, ойла сан:

Мичахь кхиъна?Муха?Маца?
Меллалц даьхна?Даьккхи хьан?
Хийрачо я кхиийначо?
Х1унда ду кху юккъехь хьо?

Ирахь1еран безам бу те,
Я къизачу къастаран,
Я цхьалла ю дагалуьйцург,
Арахь,хьуьнхахь,лелаш ша?

Дийна вуй-те,дийна юй-те?
Мичахь ду те церан 1ер?
Я д1адайна техьа,зезаг,
Церан дахар,хьайчух терра?

       *         *         *

  «Кавказ»                М.Ю.Лермонтов.

Дахаран малхбалехь кхолламо шух
Къастийна лелаварх,къилбехьан лаьмнаш,
Цкъа гича-м тоьур ду,диц ца дан шу;
Сина ма-деззара Даймехкан мерза аз,
          Еза   Кавказ.

Бераллехь висира  кхелхина нана,
Делахь а хетара са даьржаш-довш,
Кху арахь хезашха  виначуьн аз.
Цундела хьоме  ду цу тархийн баххьаш,
         Еза    Кавказ.

Шуьца вара ирссе,ламанан ч1ежаш,                14
Пхи шо-хан д1аели,сатуьйсуш шоь,
Кхузахь ма девзира х1урлаан б1аьргаш;
Ткъа даго-м шур-шур до,уьш дуьхьалтуьйсуш:
         Еза   Кавказ.      


      ДО1А
Ницкъбериг, со бехке ма велахь!
1азапах доьху хьоь ларвелахь,
Бодане дуьне т1ех дезарна,
Кегийчу къиношца вахарна; 
Наггахь бен хьан беза хьехамаш
Сан дег1ан сине ца биссарна;
Шеконаша 1ехийна,тилийна,
Хьекъалца со юьстах хиларна;
Гечдехьа,некхехьа ойланаш
Сих-сиха ир-карах1иттарна;
Акха са карзаха дийларо
Сан б1аьргийн куьзганаш кхолорна;
Дуьне а т1ехготта хиларна;
Хьан дуьхе кхиа ца х1оттарна; 15
Эшарца хьо к1езиг хесторна,
Доьху хьоь, гечдехьа Кхоьллинарг!
Цхьабакъду,д1аяйъа летта ц1е,
Дерриг а шен кийра хьарчаде,
Сан дог а т1улгаха д1атарде,
Мецаб1аьрг хьаьжначохь сацабе;
Сан иллин пхенаш д1ахададе,
И лаам соьгара кхачабе,
Т1аккха-м со нисвала хьожур ву,
Юха а хьуна т1евоьрзур ву.
                2004-г1а шо (Гоч)






Къиза туьйра               



                Борис  Пастернак


Лаьттар дац гонахдерг  гуттар.
Г1ала а ю юха юттур.
Ткъа берийн 1ададеш г1овттор
Цкъа а дац дицделла х1уттур.

Кхерамо ч1еч1ийна  яххьаш
Йицъяла  туьгур яц цкъа а.
Х1ара хьал  х1оттийна мостаг1
Бекхамо хьовзор ву б1озза.

Тахьтаргийн лелхар хир ойланехь.
Д1алара езар ю хан а,
Иродан Вифлеемехь санна,
Йовсарийн каяьлла зама.

Йог1ур ю оьмар кхин хаза
Д1абевр бу хиллачийн тешаш.
Кегийчу заь1апхойн 1азап
Дицлур ду аьлча ца теша.

         
 Марина Цветаева

Маьршачу  сан сина,
Т1емаш хецначу,
Г1ишлонаш-м х1ун яра,
Я лаппаг1наш а?
Чингисхан  а мила ву,
Я цуьнан б1о а?
Шиъ ву кху дуьненахь
Сан луьра мостаг1,
Шала ши ваша,
Къасталун воцу:
Мецачийн-йокхалла,
Буьзначийн-токхалла.

 ***      ***   ***      
                Анна Ахматова
Ца хеза х1инца цхьаьнна эшарш,иллеш
Т1екхечи оьмар,шайхаш йийцинарг.
Дуьне ма кхуьйли, сан т1аьххьара илли,
Ма 1ийжаде сан дог, ма дека  кхин.

Цхьажимма хьалха, ч1ег1ардигал маьрша,
Хьо стигал г1оттура 1уьйренан х1уоца,
Тахана хьох а, пекъар,къоьла хьаьрчи,
Сатуьйсуахьа хьайна дала доцчу орце.

Мансур  Яниль(Ильман Юсупов)


Ас са сайн, тептар санна, хьуна доьллу,
Хьо цхьанна иза листа бакъо луш...
Безаман ницкъ ган лиъна, кхин а тоьлла,
Со хьеста кийча ву хьан б1аьргийн г1уш...

Пирдовсан бешахь вай гург хиларх теша,
Сан дашна, сайна хьо цхьа  муьт1ахь гуш…
Хьайн массо къайле яй цкъа доггах  эша,
Йолахь со волчу, эхьехь ятталуш…

Гуш дара суна хир вуй сох хьан йийсар,
Сан б1аьрса хьеста даьлча болар  хьан.
Денна совдуьйлу хьоьга сан сатийсар,
Цуо юзу денна гулар байтийн сан...

Со санна верг кхин хирг ца хилар дуьйцуш,
Безаман буржалш ахь цхьа говза дуцу...


            2011 шо

                Ильман Юсупов
Хьульеш  стигал бодане марчонах,
Анайистехь д1акхелхи  к1айн де,
Овкъаршлахь  д1абовчу к1оран суйнах,
1индаг1  санна  иесехь яй  хьо д1а.

Гуьйренан мох бу-кха стигал кхийдаш,
1аьржачу буьйсанан истанг хьедеш,
Дукха хан ю  синан ц1е ца къиеда,
Д1аяй синъайамийн т1улгаш  шелдеш.

Цу сагалбецан ярал къахьло дуьне,
Тийналлин марахь висча хьоь сатийса.
Хьо соьца  даим ма-хиллара нийса,
Со хьуна  хьалха вара оццул ц1ена.

Оьшурий те вайша  дага   ,хуьлуш алу,
т1етоьттуш   вовшашна мел хилла  дагахьбалам?