Ларам

Петимат Абубакарова
Нана,йиша,х1усамнана.
Эхх1,и  зевне жовх1араш!
Терго йийр ю-кх кхана-лама,
Бохуш,д1а  ма  тетталаш!.

Х1ун ду деза винчу ненал?!
Вайн кхолламан малх и бу!
Д1а ма баН и цхьаьнаъ хенахь,
Латта ,з1аьнарш-йовхо луш.

Хезна ду вай халкъан дийцар:
Цу майданахь Маьхьшаран
Вешера мохь шечух хийца
Кийча хинйерг -йиша вайн!

Шех б1аьрг бузош массо ханна,
1алашдийриг шун ц1а-кхерч,
Ю-кха дика х1усамнана,
Латторг има-беркат-ирс!

Нана,йиша,х1усамнана-
Уьш массо а ларалаш .
Тахна,кхана. Массо ханна-
Уьш хиларах даккхийдеш!

                5 март 2005