Д1атилла к1айн йовлакх

Петимат Абубакарова
Д1атилла  к1айн йовлакх,
Цкъа мацах буьйсанах тардина
Айхьа д1атеснарг!
Ца йисна хьан х1инца
Дуьненна д1агайта
Бос 1аьржа к1ажарш.
Э,маржа нохчийн йо1

Ма ч1ог1а ели хьо 1еха,
Баржорна  мекарчо
Массанхьа эвхьазлон 1еха,
Тоьур ду самаяла!
Кхин д1а а гал мА яла,
Йог1ур ю,теша, Зама,
Ирсе еш хийла Нана.

1996 шо