Йовлакх дуьйцу

Петимат Абубакарова
Йовлакх дуьйцу , цунах "мостаг1"
"Законашца" и ца доху,...
Нохчийн 1адаташца-м ду и дог1уш,
Къуръанахь и сийлахь  дуьйцу ч1ог1а.
Конституци зама еъча  хуьйцу,
Конституци-  нехан  1едал ду.
Дала кху  дуьненна  векал  дина
1илма,1едал-Деза  Къуръан ду.
Забурна,Товратна ва Инджилна
Т1ера  дуьйна цуо бо сийлахь некъ.
И  къамел ду , шеко йоцуш, Делан,
Элча-мух1ар х1оттош делла схьа.
Везчу  Дала бакъдош  толадойла,
Умматна  Цуо шен  къинхетам лойла.
****     ****      *****     *****

Кхачадехьа, Аллах1-Дела,  орца,
Ма  тарделла  дуьне-1алам  дорцах.
                200* -142*