Хьалатосуш и можа латта на чеченском

Ибрагимов Лёма
Хьалатосуш и можа латта,
Даьккхира са нисбеш лахьта.

Селхана кхелхинарг тахна
Чувилла даьккхина лахьта.

Лахьти чу дижира дакъа,
Упханех накъост веш заккъа.

Барз бира: дийшира Еса.
Хийтира дуьне цхьа деса.