Хуллон илли
Йишина Баретана
ТулгIешца гIад цIандеш, хьостуш,
Мотт хьокхуш хьулдина гече,
Кегийрхойн безаман хьостех
Кхоьллина Хуллоно илли.
Иллино хин чогIе екош,
ЛадоьгIна Iа ГIалин баьрзнаш,
Шайн месал куйнаш а бегош,
Кхаьънашца техкаш бу эрзаш.
Иллин шовкъ кхаьчна, берд текхна,
Пхьидарчийн аз дека зевне;
БIаьрг теIош, малхбузехь сецна,
ЗIаьнарш шен гулйина цIевне.