Хабарца ву массо,
Делах кхоьруш,
Къамелаш деш
деза- Азаллера…
Г1уллакхашна-м хьаналчу
бац т1ера,
Я бац церан Динца
цхьаъа лерам…
Йилбазийн гуо,
Джинийн аса хилла,
Сан синна го,
ерриг пана тилла,
Къуьйсуш Дуьненан
олаллин таж…
Хьенан бер бу а
ца хаьа кхаж?!
Хетарехь, ю Ана
карзахъяьлла,
Дуьне кхалла сихха
Кечамбеш!
2006 шо