Хийла да ахь,Дуьне, тилво,
Масане да 1ехаво,
Эхарт дицлой,адам сихло,
Валар-м хьеха а ца до.
Валар диц дай,хьо ма ваха.
1ожалло ца дицдо вай,
Хьанал гулдахь вай хьал-бахам,
Эхартан дай хир ду вай!
09.08.1998 шо.