Маьждигаш д1адоьг1на, барамаш боцуш

Петимат Абубакарова
Маьждигаш  д1адоьг1на,  барамаш  боцуш,
Лерам  бу  уьш  дуг1уш  къахьегначарна!
Х1етте а  дукха бу  иманехь  боцурш ,
Шалхонаш лелаян 1еминраш  шайна!
   
Саг1а  ду  йист  йоцуш, денна совдуьйлуш,
Сий хуьлда закаташ  лелочу   нехан,
Делахь а  ца 1ебарш, шаьш хьалха  буьйлуш,
Пекъаршца хьал  къуьйсуш, эхьаза беха.

Мел  ч1ог1а  тодаларх дахаран  хьелаш,
Пайда  бац  синкъоьлла дуьненахь толахь,
Дег1ах а х1ун до вай ,доцчохь Са-Эла,
Я Рабби,ца эша синна ницкъ лолахь!