1алмирза Медигов. Кхиаран новкъахь рог1ера г1улч

Шарип Цуруев
Поэзи – шатайпа жанр ю литературехь, шатайпа хазалла ю цуьнца. Шатайпа ойланаш, синхаамаш, васташ. И дерриге ма-дарра довзийта доккха похІма оьшу. Поэзи – дахар ду, къоман дахарера берриге хиламаш шена чулоцуш, дахарца зІе хилар а долуш. Вай доьлла поэзин маттах, цуьнга йоккха марзо хиларна. Нохчийчохь кхиъна дуккха а поэташ, царех вай дозалла а до.
Тоьллачу поэтийн могІарера ву, аьлла цІеяккха хьакъ ву поэт Цуруев Шарип а. Суна уллора вевзаш а, цуьнан поэзи мела а шуьйра йовзар а хилла сан. Цуьнан кхоллараллин некъах дош ала догІу кху къамелехь, хІунда аьлча, дуккха хан йоццуш зорбанера араяьлла поэтан «Цхьа мерза-гІайгІане мукъам» цІе йолу рогІера поэтически гулар. Поэтана гург шатайпа дуьне ду бечу тидамашкахь, иза цо шен ойланашца гайтина ца Іаш, цунах дош алар хетало ечу ойланашкахь тайп-тайпана. Делахь а, дуьненан хІума сиха хийцалуш, юкъ-кара стешхалла йолуш хилар а чІагІдо халкъалахь. Цунна ду аьлла хета Ш. Цуруевс хІара дешнаш яздар а:

Дитахь, ас хІун дуьту?
Дисахь, сох хІун дуьсу?
Со ца кхетта дуьне,
Сох ца кхетта дуьне…

«Цхьа мерза-гІайгІане мукъам» цІе йолу гулар йолало «Нохчийн мотт» цІе йолчу стихотвореница. Поэта даггара дозалла до шен ненан матах, лору иза Дала шена белла мотт хиларна.

Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина,
Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхийна.
Цу матто, – уггаре гергарчу сан сина –
Сан генахь цхьаъ висча, дог-ойла айина.
(«Нохчийн мотт»)

Шен матах дозалла дина ца Іаш, поэта ша буьйцучу поэзин маттахь схьахьедо цу меттан мехаллех, иза хІора а стеган кхолламехь коьрта хьашт ларалуш хиларх лаьцна. «Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстиниа…» бохучу дешнийн маьІна Іаламат шуьйра ду. Тахана ледара хьал ду нохчийн мотт бийцарехь, цунах къехкаш, сийсазбечийн барам, мел халахеташ делахь а, лахара бац. Иза бакъ дац ала юьхь яц вайн.
ХІан-хІа, поэт Ш. Цуруевс сийсаз ца до кхечу къаьмнийн меттанаш, иза цу агІор маслаІате дог-ойла йолуш, гІиллакхах воьхна воцуш хилар го вайна. Цо боху:

Ас лору дуьнен чохь мел долу меттанаш,
Нохчийн мотт – гуттар а сан оьзда дозалла.
Іожаллин цамгаро дІалаьцна меттахь Іаш,
Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале.
(«Нохчийн мотт»)

Цуруев Шарипан поэзи – дерриге дахар юкъалоцуш ю, ала йиш ю. Масала, аьр вай, кху вайн махкахь шоззе а кхолладелла лаьттина тІеман хьал. Сингаттамечу мехаша лоькхуш, дуьйлучу герзаша екош, отуш лаьттира хІара Нана – Нохчийчоь. Адамалла, эхь-ийман доцчу ямартчу наха долийна питана дара юьхьанца дуьйна а. Оцу нахана бен дацара адамаш хІаллакхиларх, мохк цІаргахь багарх. Хийла нана елхийра, бІеннаш, эзарнаш адамаш хІаллакхилира цхьа а бехк боцуш.. Кхузахь шашах коьрте хьаьвза Линкольна аьлла долу хІара дешнаш: «ТІамо, турпалхойл а дебабо эхь дайна нах». ТІеман шерашкахь хиллачу бохамаша ирча сурт латтийра вайн махкахь, мелчу цІийлахь яра хІара ерриге а Нохчийчоь. Поэтан дагчохь ондда лар йитна оцу деноша, къаьхьчу ойланашца  литтиина и буьрса денош. Сел хаза хилла мохк тІамца хІаллакбар Іеткъа поэтана, цунна селхана хилча санна дагахь лаьтта хилларш, тайп-тайпана маьІна деш туьду хІетахь гинарш. Уьш къоман иэсехь дехар долуш денош ду, цу тІе къоман истори а ю иза.

Ламанца хьо цІаро ягайо,
Аренца хьоьшу хьо, ятайо,
Тхан наной, йижарий, вежарий
Хьийзош бу къизаллин балано.

Ер юй хьо хьайн цІийла кирчина?
ХІун къинош ду-те хьох хьирчинарш?
Къа ду-те къерачу дуйнашца?
Бехк бу-те лекхачу куйнашца?
(«Іуьйренаш юьйхи хьан, Нохчийчоь…»)

Поэзехь васт кхолларна меттан говзалла хилар оьшу поэзин лехамийн «гурашкахь» хилар долуш. Дош ду поэтан кхоллараллехь коьрта «герз». Нагахь, поэзехь халкъана хьалха дош аьллехь, оцу дешан тІаьхье хила еза-кх хьалхачул а дика. ХІора дешан мах уьш доьшучара хадош бу, кхечу кепара аьлча, цу гІуллакхехь коьрта кхиэлахо ву ешархо. ХІора дешан маьІна толлуш, мах хадош хуьлуш ву ешархо.
Даймохке болчу безамах лаьцна яздинчу могІанашкахь поэтан дог-ойланах кхета хала дац – иза доза доццуш муьтІахь хиларал сов, цунна хьомсара ду дайн латта, цу мехкан Іалам, меттигаш. Мохк, кхерстинчу тІеман цІаро морцучу деношкахь дагна Іиткъинарш дийцаза ца Іело махке болчу безамах дуьзна детталучу дагчохь гулделларш:

КІиллоша йоьхки хьо шайнех,
ЦІубдарша муьйлу хьан цІий.
Хьо бехъярх иэхь доцчу лайша,
Нохчийчоь, довр дац хьан сий…
Хьан кетІа боьссича бала,
Хьо йисча бохамийн арахь,
Букъ тухий – ка тоьхначара,
ЦІе туьйхи – ца езначара.
(«Нохчийчоь – къонахийн латта»)

Даймахке болчу безамна кхин а цхьамогІа стихаш ю «Цхьа мерза – гІайгІане мукъам» цІе йолчу гуларна юкъахь. Делахь а кхузахь дош алар догІуш хета шина адаман дегнашкахь кхоллабеллачу безамах лаьцна. Хетарехь, оцу безаман марзо, къахьо, цаьрца цхьаьна юкъ-кара нислучу цатемийн, шалхонийн агІонаш а евзиина аьлла хета суна поэтана Цуруев Шерипана. Безам – иза къоналлин шерашкахь кхочуш, нагахь иза тІаьхьалло йоллуш ца нислуш, галморзахалла йолуш кхаьчнехь, хетарехь, шина адаман даг тІехь моьнаш дуьтуш лораза байна безам ларало. Дахаран тІаьххьарчу дийне кхаччалц иэсехь Баха буьсу боьхна безам.

Безам белча, нах ца боьлху тезет хІотто,
Безам белча, лаьттах и ца буллу.
Даг чохь хуьлу цуьнан лахьта гота,
Цхьаннан-шиннан бІаьрхи долу дуьра.
(«Безам белча…»)

Доцца далийначу оцу дешнаша шера гайтина дахарехь наггахь нислучу безаман хало. Хилларг кІеззиг бен къадор доцуш, амма оцу доцца далийначу дешнашца дешархо атта кхето лараво поэт. Безамах лаьцна аьллачу дешан маьІна хийцалуш, керлачу дешнашца тІедузу поэта. Безамна герга кхийдаш, диканна гІаьттина дог-ойла йолуш хета оцу темина лерина язйинчу байташкара хІора а турпалхо. Шалхо й олуш я гІалате безам шега кхаьчнарг хиларх дерг довзарх, амма гІиллакхах воьхна вац безамо човхийнарг. Безамна гергахьа хилар дезаш, догдиллар доцуш некъ бо цо безамехь муьлхха а кепара хьал кхолладаларх. Дайша даима деза-сийлахь лоруш хиллачу гІиллакх-оьздангаллин агІо ю поэта цу байташкахь гойтурш.
Поэта буьйцучу безаман синхаам, ойла, безаман уьйр ма-хетта а, цхьабосса а ца хетало, амма лахахь билгал ма-даккхара, безамо мел цатам бинехь а, кІанта аьхначу дешнашца тешадо йоьІан дог, кхойкху иза собаре, гІиллакхе хиларе:

Кийча ву, дацахь а гІалат тІелаца,
Жимма а, хьоменаг, хьан дог дІатедан.
Седарчийн дукхаллехь ницкъ боцуш бага,
ГІелбелла вайшиннан безаман седа.

ГІелъелла цІе йисна вайшиннан кийрахь,
И хІинцца дІаер ю яьгна а яьлла.
Юха а хир ду вай дегнашца гІийла,
Юхдало дерриге гена а даьлла…
(«Кийча ву дацахь а гІалат тІелаца»)

Ш. Цуруевн оцу стихотворенера лирически турпалхо шена езачун дуьхьа реза ву боцу бехк тІелаца, йоьІан дагна синтем а, паргІато а хилчхьана. Дахарехь хьанна луур дара шен боцу бехк тІелаца? Хетарехь, цхьанна а луур дац и санна дерг. Безамехь, шина адаман дегнашкахь кхоллаеллачу ойланашка а, марзонашка а хьожжий гІалатна гечдедш меттигаш нислуш хуьлуш ду. Иза шина деган лаам, шина деган къайле, шина деган лаам бу. Цу дегнийн лазар, сатийсар, гечдар доьхуш хилар нийса оьзначу терзанан барам санна цхьатера хиларх  тешаво и могІанаш доьшуш волу дешархо.
Стихотворенин эпилогехь (оццу стихотворенехь) езачу йоІе иштта боху кІанта:

КІеззиг и делахь а, долчуьра гІора,
Болччуьра богуш вайн безаман суйнаш,
Ас боху, ца лууш ирс дайъа дорах,
Долор вай дерриге юьхьанца дуьйна.

Цуруев Шарипан кхоллараллехь хаалуш ю пейзажни лирика а. Іаламан хІоттамах, бІаьрахьалха гучу суьртийн хазаллех дош алаза ца Іийна иза.

Маьлхан сурт ду луьйчуш бецан тхишлахь,
Стом базбелла, охкий Іежо гІаш.
Со ца кхеташ, тамашен ю хІинца
Вайн безаман юкъаметтигаш…

Іуьйре еъна екхна. Маьлхан йистехь
Алсамъюьйлу дашо нур-зІаьнарш.
Халаъ, хазаъ, хета суна йисна
Вайн шатайпа юкъаметтигаш.
(«Вайн юкъаметтигаш»)

Хьал-хьалха язйина стиха ню поэтан «Цхьа мерза гІайгІане мукъам» цІе йолчу гуларна юкъаяханчарлахь. Уьш кху кепара билгалъяьхна поэта: «Йисалахь, Нохчийчоь» книги тІера, «Тешалахь, сан Даймохк…» книги тІера, «Буьрсачу шерашкахь», «Жимчохьлера байташ», «Эскарерчу тетрада тІера», «Студенчески тетрада тІера».
ЦІе яьккхиинчу гуларан агІонашкахь йолуш кхин а дуккха а стихаш. Поэта цІенчу даггара язйинчу стихашлахь ю: нене болчу безамах, махке болчу безамах, доттагІаллин юкъаметтигех. Иза шен халкъана кхаьчна а кхочучу а диканийн, юкъ-кара кхочучу баланийн тидамаш бар а долуш, оцу дерригенах шен-шен кепара ала дош долуш некъ беш ву. Поэтан матах кхета хала дац, оьрсийн поэта А. Тютчевс ма-аллара: «…цуьнан хІора а дош ойла ю, хІора а ойла синхаам бу…»
Гуларна юкъаяханчу ерриге а байтех дош ала лиира суна, амма кху цхьана къамелехь и аьтто нислойла дацара. ЦІенна бакъдерг цхьаъ ду кху къамелехь ала догІург: Цуруев Шарип кхиъна ваьлла поэт хилар а, иза исбаьхьаллиин дешан говзалла йолуш хиларца къаьсташ, тоьллачу поэтийн могІарехь лара хьакъ долуш хиларх дерг хецца ала йиш йолуш ду.
Іаламат хаза маьІна ду поэтан: «Сийдолчу Нохчийчоьне», «Нохчийчоь», «Хьехархочуьнга», «Барзин Іожалла», «Маьлхан денош» дуккха кхиерш а.
«Цхьа мерза-гІайгІане мукъам» цІе йолу гулар зорбане ялар, иза, дуьххьалдІа, поэта керлачу кхиаме яьккхина керла гІулч ю. КхидІа а кхиамаш хуьлда хьан, Шарип!