Iаьне сатийсар

Заурбек Хамерзаев
               
Оьмаран шу хьошуш, бедда,
Декабрь бутт бара бовш,
Кху заманчохь хоттан метта
ГIура яра арахь товш.

Моьттуш, Iалам, бодделла дегI,
Хецна Iаш ду гIулкхийн урх;
Гуьйре яьлла бакъонал тIех,
ДогIа серсош раззий, пурх.

Некъ а когаш кIеллахь сийса,
ВогIуш-воьдуш латкъам беш.
Берийн коьрте хаттар хьийза:
– Хьан саций те Iаьнан теш?

Берийн ховха бишеш хьаьгна,
Салаз Iуьллу гIийла, байх.
Маржа, тахкош дорцан ага,
Iабо аре бамбийн лайх!

Берийн даг чу хьаьжча санна,
Iалам партал меттаххьай –
Лелина ткъарш гIорош хьийна
Лайн-полларчий гIаттий вай.

Стигал, лахлой, дIаоь лаьттах,
Шано леци Iаьмнийн кад.
Шен зIокберг-зIок диттех етташ,
ХенакIур ю яхна гIад.
Берийн дегнаш ловзадевлла,
Тишчу мачех хилла дой.
Гух чухехкалуш ю эвла –
Салаз йоцчо шаршош гай.

Хастам хуьлда, Iалам, хьуна,
Оьцуш дарна берийн дог…
Церан догIмаш лардеш уьнах,
Шершабайта аьрха ког!