Къохкан гIа

Заурбек Хамерзаев
             
Дахарехь соьца дика-вуо декъначунна
               
Тишделла кхехаташ къастош,
Урх яйна Къоналле вигна,
Можа гIа соь хьоьжу къохкан
Истанган тикма тIехь тегна.
Шовзткъа шо дIахарцош, хьаьжи,
И гIа соь ахь делла суьйре.
Нур дашо малх хилла, къежи,
Сакхонах дузуш сан туьйра.
Ойланийн мохь-орцех иэвеш,
Виги со тешнабехк бохо,
ГIо доцуш карчийти цIийла,
Ачонна гIевттинарш толош.
Тевжира хIетахь чух варшахь
Олхазар – селасат геннахь,
Къерзара бутт, еъна хорша,
Орцах вайна бIо лохуш анехь…
Нажжаз деш, самах го гIенаш,
Воккхавер ло суна гIано,
Айина синхаъмийн тулгIеш,
Руьйтанах ца юьтуш тийна.