Cан цхьалха ойла

Шарип Цуруев
Тарш жIаьла санна, и хьайн эрна кхерстар
Ахь маца дуьтур ду, сан цхьалха ойла?
Дуьнен чу мел деънарг тIаьхьо я кестта
Лар йоцуш, тIепаза довр ду, ма олу.

Соьга ца хаьттина дуьнен чу волуш,
Я юха дIаволуш хоттур дац соьга.
Амма сан дахарехь, да со а волуш,
Текхор ю замано сан шерийн гота.

И суна тоьар ду… Кхерсталахь, ойла,
Хьо суна къар ца луш, реза ву хьуна.
Хьо мел ю, адаман ю маьрша Iойла,
Хьо ма ду адаман сийлахьа хьуьнар.

Дуьненчу мел деънарг тIаьхьо я кестта,
Лар йоцуш, тIепаза довр ду, ма олу.
Сох эзар дакъа дахь, хьох-м хир яц кескаш,
Дакъа а хилла хьо бармехь ца ойу.

Хьо паргIат кхерсталахь, сан цхьалха ойла.