ГIенаш хьистина сатийсам

Шарип Цуруев
ГIенаш хьистина сатийсам…
ГIайгIане бирзина и самах.
Цо дегайовхо сан зарзйина,
Цо суна базбина ирсан мах.

ГIайгIанаш ца хуьлу пайденна!
Ца ваьлла тIеэцарх дегаза,
Ас меттиг буьтур бац гIайгIанна,
Аса и йойур ю тIепаза.

Сайн гIенаш дитина гIайби кIел,
Со хIокху дуьненах тешар ву.
Ца деза мотталуш сайний бен,
ХIара дахар цхьа башха дезаш ву.

Со адам хиларна хастамбеш,
Оьмаран цхьа де а дIа ца луш,
Ас мара къуьйлур ю бIаьстенаш,
ДIо маьлхан зIаьнаршлахь марцалуш.

Кху кIайчу дуьненан кIайн денош,
Со муха, муха шух Iебар ву!
Ца деза мотталуш сайний бен,
Со дахар цхьа башха дезаш ву.