Беттан серло

Шарип Цуруев
«ХIай, беттан серло, беттан серло», –
Ширъелла романс дагалоьцу.
Берриге хьох дIауьду, херло.
Массара свето-музыка лоьху.

ХIай, беттан серло, беттан серло!
Модера яьлла, цхьалха йисна.
Сан нанас кхерчахь йина сискал,
Хьо санна, миска ю-кха, миска.

ХIай беттан серло, беттан серло,
Безам а, хьох дIабедда, байна –
Хьоьгахь ца гина цунна пайда.
Квартирехь цунна меттиг тайна.

ХIай, беттан серло, беттан серло,
Хьан гIайгIа суна дика евза:
АтталгIа кIеза – берзан кIеза,
Дац хIинца хьуна угIа реза.

ХIай, беттан серло, беттан серло,
Берриге хIинца хьох дIахерло,
Амма ас доьху: хьо ма гIелло –
Ширделларг мацца хир ду керла.

ХIай, беттан серло, беттан серло,
Со цхьаъ ву хьоьца. Аса хьоьца
Ширъелла романс дагалоьцу:
«ХIай, беттан серло, беттан серло...»

1985