Маьлхан денош

Шарип Цуруев
«Пхьарматхошка»

ЛадогIалаш хIинца, лерса дулий,
Тидамбелаш, ирдай хIинца бIаьрса.
ХIара денош дагалоьцур ду вай,
ХIара денош, бос шайн болуш хьаьрса.

Ойла йоцчу жимчу хенан гIело
ТIаьхьайисна я вай тIаьхьа йитна,
Синхаам ца богу къоьжа шело
Хьалха ю цкъа, генахь ю цхьа дика.

Сийна, къоьжа беснаш вовшаххьерчаш,
Кхоллабелла кху денойн бос хьаьрса.
ХIара денош тешаме ду вайна,
Кху деношна тешаме ду вай а.

Ницкъ бу, нагахь новкъахь кхетахь бертал,
Белхарш ца деш, гIовтта, кхин дIадаха.
Лиэ а дина, харц долчуьнца берта
Дигалур дац цхьаьнгге, шен да валарх.

Вай ларамза ца нисделла кхуза,
Вай кхечеран меттиг дIа ца лаьцна.
Кху дахаран доккха маьIна дуза,
ХIара маьлхан денош вайна кхаьчна.

ХIокху денойн бос бу сирла-хьаьрса –
Оцу басца цхьа а томмагI товр дац.
Вайн декхаршка, вайн дезаршка хьаьжча,
Йиш яц юхадовла, гIалатдовла.

Вай хIун дина, хIун ца дина къасто
Бакъо йолуш нана-Даймохк бу вайн.
Кхано тIаьхьа, махкана беш хастам,
ХIара денош дагалоьцур ду вай.