Х1ай Дуьне, адамийн юкъара Латта

Петимат Абубакарова
Х1ай Дуьне,адамийн юкъара Латта,
 Хьийза хьо хаддаза аналлин гуонехь,
 Зуръят хьан дег1а т1ехь дебаш мА лаьтта,
 Цуо-м к1еззиг къастадо дикадерг вуонех.
 Х1ай Дуьне-Латта , тхан юкъара Даймохк,
 Беркате хьан ни1мат кхачош ма лаьтта...
 Даьржийла-кх хьан хьаьттахь Иманан к1айн дохк,
 Эхарте боьду некъ хуьлуьйтуш атта.