Чеченский стих

Вахит Хаджимурадов
         1ашхой-Марта.
1ашхой-Марта!Хьомен Марта!
Сийлахь к1ентийн нана юрт!
Хьуна,Марта, олу барта
Илли аса, дуьллу сурт.
Чехка Марта, Сирла 1ашха
Нохчийн аре хьаьдда шу!
Мартана йистехь хьаьрчаш башха,
Шин хина ц1еро йилли юрт!
Г1ортор хилла Нохчийн ломана,
Лаьтта оьзда нохчийн юрт!
Тешамен ю нохчийн къомана
Нохчийн аг1он сирла юкъ!
Шера Нохчийн сийна аре
Хьуна мара хьерчаш ю.
Зезаг-бецан къорза дари
Даржош кхиъна хьаннийн юкъ.
Ломана к1ажехь туьтеш санна
Нохчийн яртийн яьржи з1е.
Туьтеш юккъехь жовхар санна
1ашхой-мартана лепа ц1е!
Дуьне мад-ду г1арабевлла
Сийлахь к1ентий-мартанхой!
Мамакаев Мохьмад хилла
Сийлахьа нохчийн яздархо.
Дешериев Юнуса баьккхи
1илманан дуьнена шуьйра ког.
Мартанхочо лакхадаьккхи
Нохчийн 1илма, дахчош дог!
1ашхой-Марта! Декъалла хила
К1ентий кхиабеш кхиа хьо!
Нохчийн хьашар, яха сирла,
Мехкаршна а ирсаш ло!
Б1ешерашка хьаьдда зама,
Хьоьжу майра хьалхе юрт!
Эзара шарахь яха Марта,
Ирсе малхан хьоьстуш нур!
************************
                23.07.04.
               Шовда.
Нохчийн ломан дегах дуьйлуш
1инчохь б1аьрхи гулдели.
Т1улгах 1ийдаш, мукъам туьйлуш,
Шовда хилла хьулдели.
 
Сирла шовда зевне долий,
Хьоду лаха аренга.
Хьаннаш екаеш мукъам олий,
Доду, дуссу лахенга!

Зевне тулг1е таь1и, тийна,
Шовдана эшар г1елъели.
Эрна арахь хишца ийна,
Ломана мукъамех херъели.

Буса седа летта стиглахь,
Лаьмнаш суйнех дузадеш.
Г1ийла хеза х1урдана кийрахь
Шовдана тийна узамаш.
**************************
           Малх.
Хьо стенна къежа-те, эхь доцу малх?
Д1абала гучура, ма хьеста нах!
Цу адамийн хьекъалца дикалла яц,
Цу адамийн дегнашца тешам а бац!
Акхарой ца олу адамаша шайх,
Амалаш акхаройн елахь а шайн!
********************************
             Гудариг.
Сайн к1еза Гудариг сихха
Д1адужу салазах аса.
Лайн чимах юьзина стигал,
Аренаш юьзина лайх!

Гунт1ера чухьоду к1еза,
Сан салаз ядайо цо.
Лергашкахь мох сиха хьийза,
Хьийзаш ду лайн чимийн ц1оз!

Сан к1еза Гудариг дада,
Лайн чимех к1ура а беш.
Гура Дадина дуьхьала хьада,
Керла шо декъала деш!
************************
Керла шо.
Лайн чимаш елкина гонаха
Самукъане хьийзаш ду гуш!
Чухьаьдда дог1уш ду гунах
Керла шо ловзараш луш!

Хьийзаш ду, ловзаш ду бераш,
Шорбина елкина го.
Елкина гонаха лелаш
Г1ура Дада берашца го.

Берашца локху цо эшарш,
Боккху цо хелхаран гуо.
Велало ехан маж эгаеш,
Берашца ловзараш до!

Г1ура Дадас керла шо деина,
Керла ирс адмашна луш.
Берашна елканаш еина,
Совг1аташ ду царна луш!
************************
   Дола Керла шо.
Керла шо дог1ийла маьрша,
Сан Нохчийн лаьмнашка хьо!
керла шо ло тхуна машар,
Нохчашна парг1ато ло!

Х1аваэхь бомбанаш екар
Дицдехьа берашна тхан.
Ц1енош а дитташ а эгар
Хилийта къематан г1ан!

Ненан аз эшарца декадеш,
Самукъане дахар а ло.
Олхазарша хьаннаш а екаеш
Лаьмнашна парг1ато ло.

Тхан б1аьрхиш лайн чимех худуш,
Дахахьа гучура д1а.
Мостаг1на тохахьа г1уда,
Доттаг1ий берзабе ц1а.

Керла шо Нохчийн мохк хьоьстуш,
Вайнахана кховдаде ирс.
Хьаьжаюккъера шед а д1абостуш,
Белабе, бекхабе уьш.
*********************
        Етт.   (Есенин С.)
Къена бу, цергаш а эгна,
Шерийн х1оз – ма1ашна т1ехь.
К1оршамен беж1уьно етта
Бежийлана арена т1ехь.

Даго ма ца хьоьсту г1овг1а,
Дехкаша цоьстуш бу са.
Сагаттадо атто дукха ч1ог1а
Когаш к1айн шен эса ган.

Нанна шен к1ант д1а ца вели,
Хазахетар т1еххьаран ду.
Махдечиг хьокхане йели,
Ц1ока ю цу мохехь гуш.

Кестта цхьатеррачу машца
(К1ентаца кхоллам бу цхьаъ)
Къовлара ду лаг цуьнан шадца,
Доккура ду аьттанан не1.

Лаьттаха г1уртура ю ма1аш,
Узамца бужура бу и.
Гин цунна г1енаха хьаннаш,
Хьуьнйисттехь бецаш а ги.
             (16-20 декабрь 04 шо.)
********************************
          Зараин каникулаш.
Каникулаш, каникулаш!
Берийн мерза хаза хан!
Каникулаш, каникулаш!
Ирсен берийн хаза г1ан!

Жима Зараъ йоьду г1ала –
Цирке хьажан, кино ган.
Урокашца бац кхин бала,
Дийнахь сарралц – мукъа хан!

К1ордан даллалц ловза Зараъ,
Тайнигаш шен гулла а йой.
Лиъча йолу ловза ара,
Доттаг1ашца йолан лой.

Амма Зараина кестта
Ловзарш к1ордан дийра ду.
Книгаш тайнагийна метта,
Тетрадаш а лохура ду.

Цхьана классехь долу бераш
Школехь вовшах кхетара ду.
Школан уьйт1ахь ловзаш лелаш
Ц1ахь а чулла хаза ду.

Кхана йоьду Зараъ школе!
Йо1а хьалххе кечам бо.
Марша йола, Зараъ! - олий
Школано йо1 хьаста йо.
                25.02.05.
**************************
        Классера к1ант.
Малх лепа лийчадеш латта,
1уьйренан иэккхаш ду сахьт.
Ураман сонехьа лаьтта
Пхоьалг1а классера к1ант.

Школе ца сихвелла 1алха,
Ларадеш ву лулара ков.
1индаг1ехь хьулъвелла малхах,
Яхьелла хан к1анта лов.

Эххара ков делла дели,
Къегадеш ураман сурт.
Малика ураме йели,
Дешархойн т1оьрмиг бу гуш.

Малхана санна ву къежаш
Йо1ана классера к1ант.
Шинге а малх а бу хьоьжуш,
Туьйра ду иза я – г1ан!

Школехьа дуьйлало бераш,
Малхе а маршалла луш.
Д1аоьху бераллин хенаш,
Берашна ирсаш а луш.
                25.02.05.
       Малхана гимн.
Дашон малх 1уьренца г1отту,
Дуьне самадоккху цо.
Хьомениг, белла б1аьргаш хаза,
Хьажа малхе хьо.
Хьомениг, биллича б1аьргаш ахьа,
Тарло малхах хьо.
*****************************
    Петин сатийсар. (В. Заходер. перев.)
Маржа я1-кха
Саба делар
Дог1уш ша-шах маьнги т1е.
Ша-шах делар
Маржа я1-кха,
1уьйранна сан юьлуш юьхь.
Ч1ог1а дика
Хира дара,ъ
Бозбуанчас совг1ат деш,
Суна кара
Елча книга,
Муьлхха урок ша-шах еш.
                20.03.2005.
********************************
        Веданхо.
Йист йоцу дуьнена чохь
Генахьа лепа хьо.
Сан Даймохк Нохчийчоь,
Мел хьомен хета хьо.

Беттана наб озош,
Г1алмакхойн аренгахь
Со хуьлу сахьийзаш,
Даймохк бу баланехь.

Сатосу седанца
Набаро 1ехийча,
Хуьлу со Веданца,
Къоналла чахчина чохь.

Лам т1ера аьрзунаш
Айбало ларамца
И горга баьрзанаш.
Техкадо хьаннашца.

Веданца цхьатерра
Мархаш а айелла.
Бацалахь тхинах терра
Б1аьргаш сан дазделла.

Дай безна Ведана,
Да вирзина кешнаш.
Г1енах а со хьаьгна
Шух кхетан сан лаьмнаш.

Ма  г1атта дашо малх
Сан г1анна юккъенгахь.
Г1аьттича д1алолахь
Маршалла Веданга.
                4.04.05 шо.
            Сан Лиза.
Суьйренан сирла сан седа
Суна ма хьомен хьо хета.
Седа бу сан хьомен Лиза,
Суна и нохчийн йо1 еза.
Ломана ло баххьаш лепа
Г1а-басехь олхазарш дека.
Марта ду ловзаран кепа,
Уьш санна хьан эшарш ека.
Б1аьргаш ду шовданаш санна,
Кхоьру со царна ца гарна.
Беснеш хьан малх санна йогу,
Алунехь церан со вогу.
Бос хаза зезаг сан Лиза,
Бацалахь тхин молуш лийча.
Г1елбелла мох санна Лиза,
Зезаг со хьеста ву кийча.
Ча-болар дина ва хииъна
Вог1у со нохчийн йо1 йига,
Безаман ирс дала лиъна,
Лиза, сайн туьйране йига.
Нохчийн к1ант хелхаре волу,
Ловзаран го бузуш вог1у.
Нохчий йо1 олхазар санна…
Цул хаза х1ун гина хьанна?
Йолало нохчийн йо1 Лиза,
Хелхаре нохчийн к1ант ийза.
Бос хаза г1абали лепа,
Суна хьо ма хаза хета!
6.04.2004 шо.
******************************************
Бабин Карина.
Копастахь бабина карийра,
Асарна хьокхучохь гам,
Жима йо1, самукъане Карина,
Белалуш къежира лам.
Копаста г1а-бацалехь лечкъара,
Бабица ловзура йо1.
Бацалахь хьульелла керчара,
Йоьлура ца соцуш йо1.
ОЛхазарш герашца декара,
Ц1анбора хьозано т1ам.
Хьозанца цхьатерра йекара,
Йоьдура Каринин хан.
Карина ца ловзу бабица,
Х1унда ю г1айг1ане и?
Б1аьргашца къуьйсура малхаца,
Баттаца йоьлхура и.
Карина шовдане яхийта,
Баба, ма лечкъайе йо1.
Карине безам шен лахийта,
К1енташна йовзийта йо1.
                апрель 2004 шо.
****************************
Сан малх.
1уьйранна набарах баьлла
З1аьнаршца лепара малх.
мархана керара баьлла,
Г1ертара цеыбахан нах.
Со вара инзаре ваьлла,
Хазаллех ваьллера цец.
Моьттура сама ца ваьлла,
Серло кхин дуьненахь яц.
Амма цхьа акъа а баьлла
Бисира бос хаза малх.
Моьттура и гала баьлла,
Бирзина эхь хетта ирх.
Х1ун хилла?малх карзах бели,
Х1оттийна хьаьж юккъе шед.
Т1къа дуьне серлоне дели,
Малика набарах йели,
Лулара сан хьомен малх.
Малика ков-ара йели,
Ю иза сан деган ах.
Д1абала гучура! – аьлла,
До аса малхбале арз.
Маликас: Сан йиша – аьлла,
Хьаьстира дашон и малх.
Боьлура з1аьнарш шен луьстуш
Сийлахьан ирс долу малх.
Серлонан оьзда кад буттуш,
Хьоьстура малхо вайнах.
                07.04.2004 шо.