Сказка на чеченском2

Вахит Хаджимурадов
Вахит Хаджимурадов
           Нохчийн дийцар

Бумбарин мотт.

- Доккхачу дуьненахь текхаргийн тоба
Уггаре коьртинаг хила езаш ю!
Коьртаниг и малх бац! Коьртаниг – бода!
Дуьненчохь ас адмийн х1у дойъур ду!
Адмашна х1оранна, це (церг) тухуш чехка,
Д1овш тухуш адмашна чекх ер ю со!
Со – паччахь! Со буьрса ц1оган т1ехь техка!
Ларлолаш, диэгадеш, адмийн х1у сох! –
Иштта и кура хабарш, къамелаш дора
Бос къорзалаьхьано, кхерабеш нах.
Шен д1аьвшан ондда ницкъ лаьхьанна-м гуора,
Адмашкакхаьчнера т1аьххьара сахьт.
Шахьарш а йохаеш, йохаешярташ,
Текхаргаш юьйлира д1адетта д1овш!
Адмашна юккъера д1аяйра марзо,
Цу админй х1у дара д1адаьлла довш.
- Маржа я1! Сан делара и шуьйра т1емаш,
Сихонца карор бара цу адмийн бен.
Ас, текхаш, хан йойъу, ас бо-кхахьемаш,
Ца кхуьу, сихо еш, даржаданзиэ!
Со текхнавалелаш, сеттина ца болуш,
Шина когахь и адмаш сихонца дов.
Хьажий со цу гена, дитта т1е йоулуш, -
Бос къорза и текхарлуьйш яра, тов!
Хьаьвзина елира и буьрсатекхарг
Доккхачу толла т1е, д1алоцуш бохь.
Хьажийра гуонаха горга б1аьрг диэхьа,
Хьажийрасехьа а ира б1аьрг цо!
Гунаха мел ч1ог1а къерзорах б1аьргаш,
Кхорзачунна ца гора и адмийн х1у.
Гуонаха техкара и лекха хьаннаш,
Даръеллайоьссира и текхарг чу.
Оцу хенахь диттан бух ша охкуш яра,
Мотт шерабумбари, йишлоькхуш шен.
Ницкъале ши т1ам а айбина бара,
Х1аваэ йолуш шен цабархьамахьем.
Цунна-ма ца хаьара шена т1ехула кхозуш
Дуьненнадаръелла и текхар юй.
Горга б1аьрг ц1аьххьана сецира, хьожуш,
Багара шина маттатуьйхира суй:
- Б1арзъелла со лелаш, ахьэшаршлоькху,
Ахь со ца лору-те, ца до-тесий?
Сан мер1ела х1оьттина ахь ц1ог1а хьоькху,
Дуьненна т1ейиллина со-мпаччахьяй!

Бумбарин сецира и зевне эшар,
Сецира сихонца и шера мотт.
Ша кхалла кечъелла и текхарг гича,
Иэгаеш, бумбариндеттало дог.

Къорзаниг реза ю, ша лоруш гина,
Шех кхоьруш массо а текхарганаго.
Оцу жимчу шен коьртацаойла а йина,
Лаьхьанин паччахьо омра ма до:
- Ладог1ал ахь соьга, лергаш дай сема,
Ладог1ал ахь соьга, ва 1аьржа лай!
Адмашца ас бечу цу луьрчу т1еман
Г1о лоцуш, болх беахь т1емашца хьайн!
Т1ам чехка бумбари, хьо г1олахь сиха,
Шахьаршкахь лахалахь, толлуш и лам!
Лаьмнашкахь, аренгахь хьажалахь дика,
Дуьненчохь стенгахь ду и адмийн къам!
Бийцалахь некъ суна цу адмийн уьйт1а,
Ас т1аккха кхоллур яц, юур яц хьо!
Деха де ца лоруш, ца лорушбуьйса.
Са хьайна дезахь ткъа, сиха баккха го!
Йада уозош кхоьссина пха санна, маса
Бумбари хьаьдира стиглане ирх.
Теллира дуьненчохь адмаш 1ен аса,
Къизаллинаьттубеш, тесира зирх.
Бохь лекхачу цу лаьмнийн теллира ирхеш,
Йист йоцу аренаш юьстира цо!
Де-буьйса ва доцуш, ша-шен а сихъеш,
Баьккхира бумбарийс дуьненнаго.
Сийначу цу стиглахь, мархашца къуьйсуш,
Бумбари йог1ура текхаргана т1е.
Къорзачунна кестта цо, сихоеш, дуьйцур,
Стенгахь ю цу адамийн кхерчахь и ц1е.

Эххар а ямарта бумбарех кхийти
Т1ам 1аьржа ч1ег1ардиг, стигланаш зуьйш.
Ч1ег1ардиго шен некъ а ловзарца хийци,
Бумбарина уллохьа мархашца уьйш:
- Бумбари! Бумбари! Хьо стенгайоьду,
Ц1е яьлча ва санна, лестабеш т1ам?
Хьо стенга сихъелла, дийцахьа соьга, -
Хаьттира чег1ардигс, беш кхунна там.
Бумбарино цу хенахь буьйцура шерра,
Ямартло йоцуш болу шен ненан мотт.
Г1иллакхехь ч1ег1ардиго хаттарх терра,
Бумбарино делира хаттарна жоп:
- Бос къорза текхарг ю адмашна дера,
Д1овшаца х1аллакбан кийча ю уьш.
Ер-яккхар вадуьйцуш кхерийна, ц1ера
Яьккхина къорзачо со а ю-кха гуш.
Къорзачунна, сихо еш, сан дийца деза,
Стенгахь бу цу админй шахьаран гуо.
Хьун юккъехь йисина и текхарг хьег1а,
Ца дийцахь, со т1аккха кхоллур ю цо.

Бумбарина гуонаха ч1ег1ардиг хьаьвзи:
- Гайтахьа, бумбари, хьайн хаза мотт!
Ца гина суна-ма и санна говза,
Хьекъале буьйцу и бумбарин мотт!

Там хилла ч1ег1ардиго хасторна хаза,
Гайтира бумбарино шен жима мотт.
Ч1ег1ардигна улло дан дацара хала,
З1ок тоьхна кхаьллира цо жима мотт!

Х1етахь, цу шерачу маттах а яьлла,
Бумбари х1инца а деш лела «бум-м!».
Адмаш цуьнан ямартлонах к1елхьарадаьхна,
Ч1ег1ардиг лелара бумбари зуьйш.

Оьг1азе «бум-м!» а деш, хьаьдира важа-м,
Шен паччахь хьулъеллачу бецашна чу.
Ч1ег1ардиг т1аьхьадог1ура, хуьлчуьнга хьоьжуш,
Бумбари йоьдучу къухюккъе чу.
Хьаьрчина 1уьллура, чкъург санна горга,
1индаг1ехь хьулбелла текхарган х1оз.
Къахетар ца девзаш, адмаш ша човхош,
Гуора-кхатекхаргана и хаза г1ан!
Гуорх1оьттина лаьттира х1окхунна довхо,
Амма х1ара реза яц къинхетамбан!

Лерга чохь «бум-м!» хезаш, самъели текхарг,
Бумбари кхаьчнера, бахьаш цхьа кхаъ.
Тера дара – уллохь бу адмашна бохам,
Дуьненахь вуьтур вац адамех цхьаъ!
Амма ца къаьстира бумбарино бохург,
Ца къаьстира багара цуьнан цхьа а дош.
Къорзачо бумбарина гуонаш-м дохура…
Текхарг ца яхара пайда а хьош.
Дуткъа ц1ога долу и ч1ег1ардиг дуьйли,
Ца гойтуш, д1адаха, ца хьаеш буц.
Бумбари-м орцане г1овг1а ян юьйли,
Текхарг чукхосъели, отуш и къух!
Каде и ч1ег1ардиг к1елхьарадели,
Къорзаниг г1оьртира лаца цуьнан букъ,
Текхарго дег1аца ц1оган юкъ еши,
Ши ц1ога цхьаннах деш, мерцира юкъ!
Т1ам маса ч1ег1ардиг-м ду майра лелаш,
Адмийн цу г1ишлошкахь шен бен а беш.
Адмашна-нахана уллохь ду дебаш,
Ши ц1ога долу дийнат, дуьне хаздеш!
******
   2005шо