Пьеса в стихах на чеченском языке

Вахит Хаджимурадов
                (Хаджимурадов Вахит)
                ПХЬАРМАТАН  МАРШО.         
                ( Свобода Прометея )
                Дакъалоцурш:
       Куьйра – Ткъейха шо долуш, жима стаг.
      Леча – Куьйрин доттаг1.
      Зезаг – Куьйрин езаш йолу йо1.
      1-йо1 – хин йисттехь, Зезаган накъост.
      2-йо1 – Зезаган накъост.
      3-йо1 – Зезаган накъост
     Пхьармат – Селин ц1е ядийна волу нарт.
     Села – нохчийн стелахаьштигаш тухуш волу дела.
                1 дакъа. 1 сурт.
     (Сцени т1ехьара хеза шира нохчийн мукъам, цу мукъамехь декаш ду аз
 
    Башламан корта бу ло-дарцах къежа
     Шелонан кийрахь ду Пхьарматан дог.
    Эзара шерашкахь ларбина тешам,
    Адмашлахь догуш ду Пхьарматан дог!               
Оьг1азе Села ву хаьштигаш детташ,
Пхьарматна елла цо йист йоцу хан.
Стигланаш лаьмнашца вовшаха етташ
Села, ма яхъелла къизалла хьан
 
( Боккхачу ломах яьккхина тоьла, цу чохь ах шана юккъехь лаьцна воллуш Пхьармат, ломана            .    лахахь кегийра дитташ лакхахь ло, хьоькхуш мох. 1аьржачу мархашна юккъехь  Селан юьхь-сибат      .     гучудолу.)
 
 
     Аса хира ду ва  аьлларг хилан ма деза!      
                Аса хира дац ва аьлларг хира ма дац!
                Бакъ дуй и, ва Пхьармат, мелла хьежан веза!                               
                Собарен шерашкахь со хьоьжуш вац?!
   Пхьармат: -(Накхана т1е олбина корта ойбуш, коьрта т1ера ло а дожош, йисйиллина ц1оцкъамаш ой      .  буш, б1аьрганег1арш а доьллуш.)               
Бакъ               Бакъ ду и, ва Села, 1аламат онда
                Бу ницкъа хьан керахь …Хьо дела ву!
                Вац хьуна, ва Села, оццул со сонта,
                Сан даг чохь 1ийжаш бериг къинхетам бу.
 
                Села:-
 
                Аса ма де ва аьлларг дира ахьа тешна,
                Сан дашна дуьхьалла дуьхьалло еш!
                Хьан дашана ва хьалха сан дош ма эшна!
                Ваьллий-те хьо дохко ойланаш еш?!
 
                Пхьармат:-
       Къинхетам, адмалла коьртаниг дара,
      Еш ч1аг1о, дохадеш хьан ч1ог1а дош
      Сайн дуьхьа дацар-кха хьан дош ца лардар
      И сирла алу аса адмашна хьош
  Сан кийра къуьйлуш ю турпалла ойла
   Ц1е хилла догуш ду турпалла дог.
  Башламан шано со велахь а къойлана
  Ч1аг1о сан хийца дац дуьненахь дош!                               
   Села: -
      Хьо бахьна ма ду-кха адмаш ткъа тахна
      Сох делар ловзаеш ницкъалла ц1е,
      Сох тера шаьш хеташ адмаш г1ад дахна!
     Хьо йеца, ва Пхьармат, кхардаман з1е?
    Ваьллий-те хьо дохко динчунна айхьа?
    Хьажал цкъа схьа соьга, сиха дере дел!
 
   Пхьармат:- 
     Ц1еран дай шаьш хиларх кхардам бац адмехь.
    Шелонех,мацаллех бевлла-кха уьш .
 Баркалца йоккхуш ду делан ц1е адмаш.
 Ч1аг1о сан хийца дац бахьана гуш.
 
 
Села:-
    Эзарнаш шерашка хан-зама яларх,
    Сан ц1аро дагор ду хьан довха дог!   
   Башламан шелонехь довр ду хьан дахар,
   Шелоно морцура ду хьан дилха дег1!
   Ца элира алан дац хьан соьга кхана,
  Адмашна дицлура ду хьан турпалла дог!
Пхьармат:-
 
    Кхана сан дахар ду дицдалан мегаш,               
    Йицялан мегаш ю кхана сан ц1е.               
   К1еда ду цхьадолчу адамийн дегнаш,               
   Диц до-кха адмаша кхоьлина де.
  Амма сан дагчуьра ц1е хира ю кхерчехь,
  Адмашна йовхо луш, къинхетам беш!
 
Села:- (къевкъачу стиглашна юккъехула, детташ гуш стелахаьштигаш)
   
Турпалчу хьан деган бо аса ларам,
    Амма ахьа сан дешан лахбина мах.
    Аса делла та1зар ду, ца лоруш барам               
    Дог майра ва Пхьармат, хьо лолахь ч1аг1!               
    Хан-замана йохалле хьоьжур хьо къонах,
    Шело хьайх хьерчаеш – къизалла ловш!
   Лайн чимаш дарц хилла хьийзара ду гонах,
    Йовхонех хьегадеш хьан довха дог!
    Сан бала хьайн кийрахь хьуна хаийта,
    Сан лазам кест-кестта дага-баийта,
    Т1ам шуьйра и аьрзу кхочур ду хьуна,
    З1ок ира и аьрзу тебара ду хьуна,
    Хьан дег1ах ирйийр ю цо ира з1ок!
    Аса хир  ду ва аьлларг хилан ма деза!
    Аса хира дац ва аьлларг хира ма дац!
 
(Стигалаш а къевкъаш, селахаьштигаш а детташ чекхдолу сурт)               
                11 сурт.
( Сцени т1ехьа лаьмнашна,хьаннашна юккъехь жима ламанхойн юрт, юьрта йисттехь маса хьаьдда доьдуш хи. Хин йистехь к1удалшца мехкарийн тоба, царна юккъехь Зезаг.Хин йистте мехкаршна гена воццуш т1евог1уш шиъ жима стаг, Куьйрий,Лечий)
Зезаг:- 
      Мехкарий,хьовсийша и сийна лаьмнаш
      Бос лепаш ц1ена ду Башламан чохь.
      И шура ва санна ло лепа баххьаш
      Мархашца луьйчуш ду цу стиглана чохь.
     Амма шу тешдолуш туьйхира хаьштиг,
     Къевкъира стигал а к1айн мархана чохь!
     Х1ун балехь ю техьа и лаьмнийн б1аьштиг?
    Тамашена х1умнаш ду-кх кху дуьнена чохь!
 
1-йо1:-
(йоьлучуьра ца сацалуш, шен жималлех,хазаллех самукъадуьйлуш, ке-
гийра нахе а хьожуш)
 
      
       Стиглара йоссахьа, сан  йиша,Зезаг,
      Яха-хьа кхоьлина ойланаш д1а!
      1аламо кхайкхош бу дуьненна безам,
      Ойланашкара эккхадехьа и шийла 1а.
      Хи хьоьстуш и сирла тулг1енаш керча,
      Хьуьнйисттехь зарзар а хаза декаш ду!
      Мехкарийн ойланаш безамех хьерча,
      Дуьненна йовхо луш дашо малх бу!
 
2-йо1:-
(Куьйрига,Лечига а хьожуш)
      Мехкарий, и ши к1ант хьена ву теша?
      Муьлхачу йо1ана теба и шиъ?
3-йо1:-
      Куьйра-ма Зезагна тебаш ву тешна!
      Шолг1аниг ца къаьста, мила ву и?
(Куьйрий, Лечий мехкаршна юххе  кхочу, иза шиъ забарш еш воьлуш, самукъне а ву.)
 
Леча: -
     Суьйре дика хуьлда шун, мехкарийн тоба!
      Цу ломана зезагийн бос лепа шун!
      Шу гаре сатуьйсуш кхачийна собар.
      Б1аьрг серла болу-кха мехкарий гуш.    
      Цу к1ентийн ойланаш шу долчу хьийза.
      Шул хаза дуьненахь х1умма а дац!
    Дог-ойла шу долучохь ма ч1ог1а ц1ийза
    Сан б1аьрса шу ца гуш мегаш-ма дац! 
    Алахьа сан тешаме доттаг1а Куьйра,
    Даьгна д1адаьлча сан деган бехк буй!
    Мелла хаза лепаш ю х1ара дашон суьйре…
     Ва Куьйра, аса дуьйцург хьо хезаш вуй?
 
Куьйра:- 
      Ма вала дакъаза, сан доттаг1 Леча.
      Хьан дагна дарба цу хин йисттехь ду.
      И тулг1е Башламан цу дагах хьерчаш
      Ша санна шелъелла, бос сирла ю.
      Сихонца хьадалахь тулг1ена йистте,
      Мехкаршка дехалахь и шийла хи.
      Безамех кхехкачу цу дагна сихха
      Мелла а синтем бан дарба ду и.
      Дарба-ма шийлачу хих хилан деза.
      Ца хилахь дарбанан жимма а мур,
      Мехкаршна юккъера харжа цхьа зезаг,
      Делора безамо дог тодийр ду!
Леча: -
 
   
     Мехкарий-зезагаш, г1ерта-те кхарда,
     Хьекъалах телхин-те доттаг1чуьна мотт,
    Мехкарех хир ду ткъа и молха-дарба,
    Шу бахьнехь догуш ду безамах дог!
                (Дог а лаьцна цомгуш стеган кеп хиттайо)
 
1- йо1:-
(Мехкарийн беларан г1вог1ана юккъехула)               
      Бехк бац хьан жимчу цу мискачу деган,               
      Хин йисттехь бацалахь зезагаш гуш,
      Мехкарийн тобана-м юккъехь ду мегар
      Йо1 кхастон, амма и мел хала ду!
2- йо1: -
 
      
      Леча, ахьа ма к1адйе хьайн сиха ойла,
      Ма хьежа массеран б1аьргашна чу.
      Соьца бен хьайн безам хьуна ма гойла,
      Хьан дог ас шадериг д1алоцура ду!
 
3-йо1:-
 
      Ма теша жима Леча хьайна х1ора а къежарх
      Со цхьаъ ю хьо воцург гура воцуш кхин!
      Гонаха кхин ца гуш хьо соьга хьежа,
      Ма леха, хьомениг, безамаш кхин.
 
(Мехкарий боьлу, Леча воьхна кеп х1иттош,Куьйрига хьоьжу.Куьйра а къежа.Зезаг цхьаъ ю ойлане йисттехьуо лаьтташ.Леча мехкаршца забарш еш а вуьтуш Куьйра Зезаге вист хуьлу.)
Куьйра: -               
 
     Д1абузучу цу малхо хазйина суьйре
      Кхоьлина хета-кха гича и хьан сурт.
      Безамо 1ийжадеш сан дог ма къуьйла
      Къахеташ 1ийдало сан дагах мут
      Х1ун ойла-бала бу хьан хазчу коьртехь,
      Байна-те соь болчу безаман суй?
      Хьийза-кха ойланаш сан коьрте шорта,
      Зезаг, хьо дуьйцаче ладуг1уш юй?
 
Зезаг: -
(Ц1еххьана  самаяьлча санна а хуьлуш)
 
      Хьо веца, ва Куьйра, гуш вериг суна…
      Ма билла бехк суна ца гарна хьо.
      Ойлано 1ехийча гина-кх со хьуна,
      Вог1ийла хьо маьрша, вуй лаан хьо?
 
Куьйра: -
      Дашо малх суьйренга кхевдачу хенахь,
      Мехкарий хин йисттехь к1удалшца гуш,
      Гур яц те сайн Зезаг аьлла са тесна,
      Хин йистте сихо еш со вог1уш ву.
      Моьттура суна-ма сайн жима Зезаг
      Хин йисттехь со гаре сатесна ю,
      Моьттура генара со гича тешна
      Малх санна елалуш лепаш хира ю.
     Безамах сан санна сакъералац-те,
     Марханах таръелла кхоьлина хьо.
     Хин йисттехь со тахна новкъа-ма вац-те…
    Деттало ца кхеташ кийрара дог.
    Алахьа сан жима, бос хаза зезаг.
    Кхоьлина хьо хилар х1ун бахьна ду?
 
Зезаг: -
     Ма Билла бехк суна дог ц1ена Куьйра,
     Дахаран ойланаш со луьстуш ю.
    Аренгахь нах хьоьстуш дашо малх луьйча,
    Сирлачу лаьмнашкахь бала бу гуш.
   Башламан цу коьртехь хаьштигаш кхуьйса.
   Села ву дарвелла баланаш луш.
   Х1унда ду вайн латта харцоно 1уьйшуш,
   Шелонан баланехь нарт х1унда ву?
 
Куьйра: -
      Сан зезаг х1ун ойла ю техьа, ала,
      Хьан хазачу цу коьрте сингаттам лург?
      Къинхетам бойла вайх цу везачу Дала,
      Ирс ду-кха гонаха гуш долу сурт!
      Маьлханан з1аьнаршкахь бос хаза лепа
      Лекхачу Башламан и сийна  бохь.
      Цу хьаннийн хотешкахь олхазарш дека
      Хих дина куьзга ду шовдана чохь.
      Сийлахьа ц1е ю вайна кхерчашкахь яган,
      Йовхо а, серло а нахана луш.
      Кегийнчийн и дегнаш кийча ду даган,
      И мерза безамаш вовшашна луш
      Массо а адмашна ца гун и бала
      Догдика хиларна хьан дагчохь бу!
      Хьомениг, сел ч1ог1а дакхаза ма яла,
      Пхьарматах дуьйцуш дерг туьйра ма ду.
 
Зезаг: -
      Вайн дайша кхоьллинарг хилийта туьйра,
     Пхьарматан тоьшалла вайн кхерчахь ю.
     Туьйранех ца тешарх,сан хьомен Куьйра,
     И сийлахь ц1е йеца вайн карахь гуш!
     Цу везчу вайн Делан кхочур-кха ницкъа
     К1ант санна де долуш хилийта со!
    Толлура дара ломара шира некъаш х1инцца…
    Ца вешаш къежа-кха ойланех хьо?
    Тоьшална диллина ши эппаз санна
    Мехалла дера ду-кха сох велар хьан!
    Хьайн дехарш доладан эшац-кха ханна,
    Ас-айса юьллур ю вайшиннан хан!
    Соь йола ва бохуш ахьа дина дехарш
    Аса жоп луш къастор ду чубузале малх!
    Хедор бац аса тахна дашон и мехаш,
    Хьан х1усамехь хир ю со хьан сирла ах,
   Нагахь хьан ницкъ кхачахь Башламаца къовса,
   Шелонана керар хьоь ваккхалахь нарт.
   Ойла йе, сан к1орни, са хиллалц тховса,
   Хира бу вайн захална цхьатерра барт.
     Пхьарматан парг1ато хуьлийла вайна
     Безаман тоьшаллин йист йоцу мах!
     Турпалла хьан дагна сан дешнаш тайна
     Хетало, хьомениг, теш болуш малх.
 
Куьйра: -
     Бераллехь дуьйна бу хьоь болу безам
     Сан  дагчохь заза хилла со ирсе веш.
     Дахаран серло ю хьо суна езар,
     Сатосу седа бу  сан дашна теш!
      Сатосу седанца вер ву со новкъа-
      И дашон малх хир бу сан дашна теш,
     Некъана сихъелла ю ойла шовкъа,
     Хьан дешнаш хаза дека со ирсе веш.
     Сан Зезаг, хьан дуьхьа ворх1 ломал дехьа
     Кийча ву ваха со халонаш ловш.
    Башламан баххьашкахь и Пхьармат лиэха
    Сайн дин аса кечбийр бу тахна са довш.
    Толамца со варе хьо хьежа Зезаг,
      Хан йуьллуш делла дош лара а деш,
      Некъана серло луш вайн сирла безам
      Хира бу-кха сан дагчохь г1о суна деш.
      Амма со  валале геначу новкъа
      Дош ч1аг1деш  тоьшалла аса доьха хьоь.
      Сайн дехар ас дарна ма хета новкъа,
      Хан юьллуш тоьшаллин куьг лохьа соь.
 
(Йо1а иэхь хетарца д1айоьрзуш, соцунг1а а хуьлуш жимма хаъал юхакховдадо куьг.Куьйрас каден
юххе нислуш шен буйна къовлу Зезаган куьг)
 
  Баркалла сан Зезаг,тахана дуьйна
  Вайшиннан кхоллам бу цхьа шалха шед!
 Дахар вайн хира ду-кха и хаза туьйра,
 Ду вайшиъ лаьмнашкахь цхьан хин ши берд.
      Хьо маьрша ва 1ойла сан хьоме езар,
      Сатийса юьту ас сан Зезаг хьо.
      Некъана сан тховса кечам бан деза,
      Ас х1инца хьомениг 1одика йо!
 
Зезаг:-
      Цу Дала 1одика йойла хьан, Куьйра,
      Къизаллех къаьстийла цу Селан 1ад.
      Декъалла хила хьан кечаман суьйре,
      Бузийла ирсах вайн дахаран кад.
      Со хьоьга хьожур ю, хьо хила парг1ат,
      Халоно хьовзийча хьох хила даш.
      Толамца верзалахь деш суна совг1ат,
      Вайн  безам ларбийр бу сайн даг чохь ас.
      Сихо йе некъана дог майра Куьйра.
      Толамца верзалахь хьо сиха ц1а.
      Цу дашон ва малхо йовхонаш туьйлуш,
      Цу детин ва батто гойтийла са.
 
Куьйра:
 
      
      Баркалла сан Зезаг, хьо маьрша 1ойла,
      Мел лаарх кхин д1а сан хьелойла дац.
(Лечига, мехкаршка а воьрзуш аз жимма ч1аг1 деш)
     Мехкарий, ткъа шун а 1одика йойла…
     Леча, со хьевалан хан йолуш вац…
 
Леча:-( сихо еш т1евог1у)
      
      Ц1еххьана мох баьлча човхийна мархаш
      Санна ма аьрха ю дог-ойла хьан!
      Лам т1ера хьаьди те и юькъа чархаш,
      Лилхина яхан те стагланаш д1а!
      Сан доттаг1, сел хаза аьхкенан суьйре,
      Маьхкарийн тобанан и сирла гуо
      Битина хьо стенга сихвалан вуьйла,
      Я жимчу Зезагас човхий-те хьо?
 
Куьйра:-
 
      
      Ма вала дакъаза, дог майра Леча,
      Суьйренах хьо ваккхан ца воллу со.
      Мехкарийн хазаллех  марзо ахьа эца,
      Ваханза ца ваьлла д1авоьду со.
 
Леча.
 
     Эрна цу аренгахь даьлла и к1охцалг
      Ду моьттуш хетало доттаг1на сох.
      Доттаг1а воцург ю дуьненан махцалг,
      Аса х1ун до суьйренах со воьлча хьох!
(Мехкаршка а воьрзуш)
      Мехкарий, шун делахь 1одика йойла,
      Доттаг1чуьна амалца амал ю сан.
      Кестта вай хин йисттехь юха а гойла
      Дагар тхо ца дохуш яккхалаш хан!
(Куьйрига а воьрзуш)
     Алал ткъа, сан доттаг1, саьрмикан 1уьрга
     Деза –те чуэккха буьйсанца вайн!
     Деза-те вайшиннан луларчу юьртахь
     Ловзаргахь дин хьовзош г1аттаян чан!
 
Куьйра:-
    Тешамен сан доттаг1, ма хила сиха,
    Кхолламо кхойкхуш верг со цхьаъ бен вац.
    Башламан баххьашка воьду со ирха,
    Аса сайна хаьржина некъ тешамен бац,
      Дог майра сан доттаг1, ладог1а соьга,
      Башламан баххьашкахь мархашна чохь
      Къовсаме со ваьлча, дехар ду хьоьга,
      Зезагна вошалла дан т1еэца мохь.
 
Леча:-    
     Вайшиннан доттаг1алла бераллехь дуьйна          Доттаг1чунна де ешча, еш хилча мало,
     Тасаделла, вайшиннах ши ваша веш                Сел осалла ву теша дуьненахь         
                со.
     Хан-замано вайшиннан вошалла зийна,                1аламат онда ду цу Делан собар,
     Тахна а кхолламо хаамаш бу беш.                Лам санна онда ду
                къонахчуьна дош.
     Ден-ненан цхьаъ к1ант бен со а ма вац-кха,          Цу ц1ергахь чим хилла со вара
                вогар,
     Къанделла дисина тахна и шиъ.                Дохийча доттаг1 ву бохуш
                долу дош!
     Жерачу хьан ненан хьо цхьаъ бен вац-кха,               Хало лан дезахь вайн со ву-
                кха кийча,
      Вежарий ва санна кхиъна вайшиъ.                Валан дезахь, нагахь
                санна, лийр ву-кха со!
     Тахна цу кхолламо кховдийча хало                Кхин сов дериг хабарш деш
                ца лаьа дийца,
     Хилан- те со хийра, цхьаъ вуьтуш хьо                Башламе со воцуш ца воьду
                хьо!               
                II-дакъа, 1-ра сурт
(Ирхенах хьалаг1ерташ Куьйрий, Лечий.Т1ехьа гуш ду бохь лайх дуьзина лекха лаьмнаш.Шинне а т1ехь ширачу т1емалойн барзакъ ду. Белш т1ехь 1ад, пхерчий чохь долуш ботт, хент1ехь кхозуш тарраш.Ирхенах хьалава-  вахан г1одеш т1улгах юг1уш шиннан а керахь шаьлтанаш. Мох, шело, ло.)
Куьйра:- (Хьоькхучу шийлачу мохана дуьхьала хьала а г1ерташ.)
      Ницкъалла и села карзаха ваьлла,
      Шелонаш кхуллуш бу и буьрса мох.
      Балшаман бахьашкахь ло хьийза даьлла,
     Дуьхьалло ян г1ерта и 1аьржа дохк!
     Ворх1 ломан дукъ толлуш Башламан пене
     Кхечи вай, сан доттаг1, халонаш ловш.
     Т1еххьара ирхе ю уггаре хьеме,
     Сихо йе, ва Леча, са ду-кха довш!
    Башламана цу коьртехь д1абижа г1ерта
    Мархашлахь д1алечкъа и шийла малх.
    Цу стиглахь даьржар ду буьйсанан верта,
    Яьржара ю боданехь седарчийн чалх.
    Халонна сатухуш, сихлолахь доттаг1,
    Собаро баьккхина и мокхаза лам!
   Халонаш хьоьжуш ю лам буьххьехь шорта,
    Турпаллан дахарах боккхура вай чам!
 
Леча:-
(Г1онна буйнахь къуьйлучу шаьлтига т1улгах юг1уш суйнаш а тухийтуш, ирхенах хьала а озалуш.)
      Ма вала дакъаза, дог майра Куьйра,
      Башламал ойланца со лекха ву.
      Цу ламана арзунан т1ам санна шуьйра
      Х1аваэхь гуо туьссуш сан ойла ю.
      Хьажал хьо д1о бухахь гуш йолу мархаш,
      Башламан ирхенаш сел лекха ю.               
      Хьажал хьо д1о аьрзу ма хьийза аьрха
      Цу аьрзул кху ирхехь со аьрха ву.
    Вайшиъ- м сакъера ваьлла-кха ара,
    Алал ткъа сан доттаг1 со луьйш вуй харц?
    Буьстича вайн дайша лайна болу бала
    Вайшиммо ловш ериг хало-ма яц.
    Ц1е йоцуш вайн дайша халонаш лайна,
    Шелоно, мацалло хьийзина уьш.
    И бала вайшинна б1аьрга ца байна,
     Бакъболу турпалхой вайн дай бу - уьш!
 
Куьйра:-
      
      Оьзда ду вайн дайша лелийна г1иллакх,
      И лоруш хьо 1ийна хаттарш ца деш.
      Бехк суна, сан доттаг1, ахьа а ма билла,
      Ца буьйцуш со 1ерна вайшиннан некъ.
     Цкъа хьалха хазахетар ца къуьйлуш кийрахь,
 Боккху аса сихо еш и мерза кхаъ,
 Толамца ц1а вайшиъ вирзинчу дийнахь
 Нускал ду аса далош, иза ду-кха цхьаъ.
 
Леча:-
(Хазахетар чохь ца сацадалуш, мохь туххуш)
 
      Маржа я1! Вай дуур и мерза ловзар
      Хьовзор бу ловзаргахь аса сира дин!
      Ткъа хелха валан со мел ву-кха говза,
      И чена к1ура г1атабеш, бицбийр бу дин!
 
Куьйра:-
      Г1оза хьо лелаве дуьненахь Дала,
      Шолг1а аса эра дериг хаза кхаъ ма бац.
      Ахьа боху, вайн дайша оьзна и бала
      Ц1аро бен кочура баьккхина бац.
      Амма и сирла ц1е адмашна елларг
      Ву боху ницкъалла сийлахьа и нарт.
      И буьрса ва Села ца лууш лелла
      Адмашна ц1е ялан, хуьлийтуш барт.
      Сийлахьчу нартан ц1е Пхьармат ю боху
      Пхьармата ядийна цу Селан ц1е.
      Нартан ц1е адмаша баркаллийца йоху,
      Туьйранехь юьйцуш ю Пхьарматан ц1е.
      Буьрсачу цу Селас бекхамна елла
      1ожалла ва йоцуш йист йоцу хан.
      Йовхонах хьегавеш, шелоне велла
      И Пхьармат,къинхетам ца лууш бан.
     Башламан кортана ша бина шийла
      И лаьмнийн и даккъаш дуьзина лайх.
      Башламан цу пенах ша бина дийнна
      Воьллина нарт Пхьармат, хьегавеш вайх.
      Къизаллех ца 1ебаш цу къизчу Селас
       Аьрзу ду доийтуш хьийзаван нарт.
      Аьрзунан болатан з1аькаро дерана
      Пхьарматан турпал дег1 ца хеташ къа.
      Туьйранах тера ду адмаша дуьйцарг,
      Ца тешаш вара со, ца бевзаш нах.
      Зезагас хин йистехь и Пхьармат вуьйцуш
      Беламца т1еийцира цуьнан дийцар ас.
      Сан хьомен Зезагас дош делича сайна
      Туьйранах теша а вара кийча со.
      Ткъа х1инца сайна а и туьйра тайна
      Пхьарматан аматаш лаьмнашкахь го.
      Зезагна дош делла ч1аг1о а йина
      Пхьармат цу Башламехь со лоьхуш ву.
      Нагахь со аьттуно 1еха ца винехь,
      Баланах и Пхьармат вай воккхура ву.
      Амма и 1аьржа т1ам, и буьрса аьрзу   
     Цу мокха мархашна юккъехь д1а дай.
    Хьажал ткъа, ва Леча, д1о лахахь къаьрзи,
     Буьрсачу аьрзунан мас шера гай.
     Дуй техьа и аьрзу Пхьарматана тебаш,   
     Сихлолахь, юхехь бу ламана бохь.
     Лаьмнаш а хетало шелонна хебаш,
     Пхьарматана ма хала ду-кх цу шана чохь.
                11-г1а сурт.
(Гена доццуш мархашна юккъера ц1еххьана гучу а долий ши к1ант хьала- г1ертачу ломана т1ехьа къайладолу доккха аьрзу.Таь1ана узамаш хеза ло-мана т1ехьара.Оцу хеннахь Куьйрий, Лечий ломана буьххье волу.Царна го ломана т1ехьара д1а а доладелла гуо а баьккхина юха а чухахкаделла дог1у
аьрзу.)
Куьйра:-
 
Билгалла Пхьарматана ницкъа беш ду аьрзу Са лоцуш озабе хьайн ира пха!
      
      
 
Варелахь, ва Леча, даьлла-кха карзах
И буьрса ва Аьрзу, чухьаьдда схьа!
Леча:-
 
      Болатан мас йолуш ду моьтта суна
      И сиха ва аьрзу, мох санна ду.
     Б1аьрг лоцуш пха тоьхча х1ун хета хьуна,
     Ца лета пха бохург иза-м эхь  ду!
 
(Шимма а 1одмаш ийзадеш пхерчий детта аьрзу долучу аг1ора кхин цкъа а)
Леча:-  (самукъадолий ирх кхоссало, мохь бетта чогг1а)
 
      Цу буьрсачу аьрзуна ма б1агор беана,
      Гуо туьссуш даха и цу 1инха чу.
      Вайшиъ а хетарехь сел нийса веана,
      Хьажий вай ткъа х1инца кху ломах чу.
 
Куьйра:-
 
      Цу бухахь узамаш-м хезира суна
      И хилахь нарт Пхьармат ву къера со.
      Муш тесина диссий вай цу лекха гунах,
      Дер вайша турпалла нартана г1о.
 
(Куьра г1одаюккъе муш а боьхкий чувуссу,жимма хан яьлча юха гучуволу, Лечига вист хуьлу)      
    
      Цу шийла тоьланах г1ишло ю йина,
      Нартана гобина бу шийлпа ша.
      Шано и ч1аг1о еш йийсар а вина,
      1аламат ницкъа оьшу иза мукъа ван.
 
(Лайх дуьзина дехьа юххехь а, генахь а гуш долучу лаьмнийн баххьаш серла а дохуш селахаьштигаш туху, къоркъанаш а етташ, баьллачу мохана г1овг1а а хеза. Куьрас жимма соцунг1а а хуьлий т1етуху)      
      Сихалло са даьккхина олу вайн дайша,
      Собаро баьккхина и лекха лам.
      Дайша ма аллара, ма сихло вайшиъ,
      Села ву вайшиммо бан дезаш там.
 
(Тоьрмиган чуьра схьаоьций дакъийначу жижган г1ог1 дуьллу шина жимхас дехьахьуо лаьттачу горга т1улгана т1е.Цулла т1ехьа деттачу хаьштиашка а воьрзий Селе дехар до.)
Куьйра;-
      Ва Села, доьху хьоь, д1аэца саг1а,
      Хьуна тхо бан г1ерта хуьлачунах там!
Леча:-
      Ва Села, ло хьуна г1олехьа дакъа,
      Ма вехьа тхойшиъ а ахьа хьайна гам.
(Стигланаш къевкъа, хаьштигаш а тухуш, амма Селас жоп ца ло)
Куьйра:-
   Ва Села, хьо веца ницкъ болуш дела,
   Буьрсачу хаьштигийн хьо ву-кха да!
   Дог1наш ду хьан керахь, ницкъ болу Села,
  Лайн дарцаш хьоькхуш ду хьан керара д1а!
   Хьо цхьаъ ву дуьненахь кхин цхьа а воцуш
   Ц1е йовха алун да и ду-кха бакъ.
   Жима а, воккха а хьан бакъо йоцуш
   Ц1е-алу хьаеш вац иза а ду бакъ!
      Пхьарматас динчу зен ахьа бина барам,
      Эзар шо шелонехь доккхуш ду цо.
      Хьан тхуна алан дац ца бина ларам,
     Пхьармат ахьа мукъавийриг аса дахар ло.
      Пхьарматан метта со виса ву кийча,
      Воллахьа тоьлин чу цуьнан метта со
           Амма хьо ца 1абахь тхох цхьаъ ца вийча,
      Эшахьа сайн ц1ий а аса хьаналла до!
 
(Хаьштигаш а тухуш стигланаш къевкъа, Селас жоп ца ло.)
Леча:-  (сихлой дешнаш сиха олу, мохь олуш.)      
      Ва Села, собарде! Доттаг1чуьна дахарх
      Сайн дахар лура дара аса хьуна д1а.
      Доттаг1чух ваьлла со лууш вац ваха,
      Ва Села, хьажахьа… хьажахьа схьа!
 
(Стигланаш а къевкъаш хаьштиг туху жижган г1ог1 т1ехь 1уьллачу горга т1улгах. Г1аьттина сийн к1ура д1абаьлча т1улгана т1ехь жижиг ца хуьлу. Къевкъачара стигланаш а, етта хаьштигаш а совцу. Серлаевллачу мархашна юккъера гучуболу малх. Куьйрий, Лечий кхета Села оьг1азваханчуьра васта- веллийла.Цара хазахетарца маьхьарий олу.Сихонца муш кечбан вулу ший а.)
Куьйра:-      
      Варелахь, ва Леча, малх буьзна байле
      Дуьссура вай нарт волучу цу гунах чу.
      Буьйсанан цу кийрахь тоьла д1айайле
      Пхьармат вай йийсарера воккхура ву.
 
Леча:-
     Сан доттаг1, хьан дешнаш дицделлий теша
     Нускал а, ловзар а, бохуш дара уьш.
     Сихо яхь кхана а ловзар дан оьша,
     Хьо вела ма къежа, аса ву хьо зуьйш.
(гунах муш т1ехь чу вуссуш т1етуху)
   Ловзаргахь х1инца-ма накъост хира суна,
   Ша юккъехь г1орийна хира-м ву и.
   Пхьармат хьайн ловзаргахь ган лаахь хьуна,
   Сихо йе ша хилла валален и.
 
                111-г1а сурт.
(Стаммийран шанаша д1акъевлина йоккха тоьла ю ломах яьккхина.Чекх са- гуш долу шанашна юккъехь ах гуш ву ондачу дег1ехь волу нарт Пхьармат. Цо узамаш до чевнаш лозаш. Тоьлина хьалхха муш т1ехь кхозалой вуссу Куьйрий, Лечий.)
Куьйра:- (Мушах мукъа а волий вист хуьлу Пхьармате)   
 
      Маршалла ду хьоьга сийлахьа Пхьармат,
      Адмашна турпалла вицвелла вац!
      Чевнашна хьан дойла цу Дала дарба,
      Хьан бала кхин д1а-ма бахлура бац!
 
 Леча:-      
   
     Маршалла ду хьоьга дог майра Пхьармат,
     Ма шийла х1усаме нисвелла хьо.                .    Ма вала дакъаза сийлахьа Пхьармат,      
    Тахана накъостий ду хьуна тхо!
Пхьармат:-   (халла меттавог1ий ши б1аьрг боьллуш вист хуьлу)
      Яхь йолу ва к1ентий, шу а маьрша лела
      Сингаттам би-кх шуна а, сох бала беш.
      Хира ву-кха дарвелла и къиза Села,
      Г1ой довла к1елхьара сихонаш еш.
      Аса сайна хаьржинарг ду хала дахар,
      Ца лаьа ва суна шуна бала бан.
      Ирсечу дуьненахь шу дукха даха
      Довлийша к1елхьара, ду дехар сан!
 
Леча:- (Куьрица цхьана шаьлта а етташ Пхьармат йийсарехь латтавеш долу шаш а дохадеш)
      Ма вала дакъаза тхан ваша Пхьармат, 
      Селица доттг1алла тесина вай.
      Тхуна-ма тарбеллера цу Селех саьрмак
      Моьттура цо тхойшиъ а вуллура ву лайх
      Ткъа иза хиллера амаллица к1еда,
      Цо хьох а, цо тхох а къинхетам бо.
    Шелонах, баланех хьан дахар хеди,
    Маьршачу дахаре вай дуьйла ло!
    Пхьармат, сан кхин цхьаъ а ду алан дезаш,
    Ловзарга хьо кхайкха  тхо даьхкина ду
    Сан доттаг1 Куьйра ву цхьа зезаг дезаш.
    Ловзаргахь бал баккхан хьо кийча  вуй?
(Куьйра белар къайладаккха а г1ерташ доггаха шаьлта етташ ша бохабеш ву, Леча а вац хабар ца сацадахь а цулла т1ехьавуьсуш.Эххара а Пхьармат шана керара воккху цу шиммо. Тоьла шах мукъа а йоккхий, чохь йоккха ц1е латайо цара. Оцу хенахь буьйсанан бода а т1екхочу.Ц1еран гонаха 1аш гуш бу уьш.)
Пхьармат:-
 
Эзар шо дара-кха со ловш волу харцо,
Маршоналла мерза х1ума дуьненахь дац!
Баркалла доттаг1ий яларна маршо,
Шу шиннен доьналлех ваьлла со цец!
Дуьненахь ма эша адмашна йовхо,
Ц1аро бен дуьненахь луш дахар дац.
Шун аьтто хуьлийла харцонаш човхон
К1енташа бинарг бен Даймохк а бац.
Мехкарша эшарца хестор бу толам, 
Шу шиннан ц1ераш а йицйийра яц.
Турпалла к1ентша кхоьллина х1олам,
Къизалло дуьненахь бохан бийра бац!
 

 
                (Шира нохчийн мукъам а болуш г1ийла хезаш, чекхйолу пьеса.)