Cценка Свадьба валерикцев на чеченском языке

Вахит Хаджимурадов
        «Валаргхойн ловзар» Хьеший т1еэцаран сценари
      Дакъалоцурш:
Воккха стаг – марда
Йоккха стаг - марнана
Марвежарий
Кхаъбоккхург
Нускал
Ши-кхоъ йо1 – халханчаш
Ловзаран да
                Цхьана декъехь
Воккха стаг.  (Хьешашна дуьхьал волуш)
Шу дуьйла ва маьрша, тхан маьршачу махка!
Махкара доцу шу, ва маьрша хьеший!
Шу лаа лелий те, шу тара дуй техьа!
Юьхьара лаьцна некъ лаамца буй техьа!
Алалаш, тхан хьеший, вашалла эшахь,
Болатан тхан тарраша г1о лацан дезахь!
Шун бала къахкабан кура к1ентий бу тхан,
Сингаттам къахкабан - мехкарийн халхар!
(Жимма юьстах волуш соцу)
Ловзаран да.   (Хьешашна хьалха волуш)
Хьомсара ва хьеший, шу баьрчче довла,
(Мохь тоьхна олу)
Шу кхаьчна ловзарга, нускал ду далош!
Воккха стаг.
(Х1усамдас, воккхачу стага а, кегийрачу мехкарша а «хьеший» баьрче бохуш охьаховшабо)
Ловзаран да. (Хьеший охьаховшаллц жимма собар а дой, т1етуху)
Замой бу схьакхочуш, ю зуда ялош,
Кечлолаш сакъера, долало ловзар!
Кхаъбокххург
(Шира нохчийн духар долуш, нохчийн тапча а яьккхина сцени т1ехьара схьаэккха жима стаг. Ирх кхуссу тапча, боцца хелхаран «бохь буг1у»)
Юьртахой, ладог1а, ладог1а хьеший!
Со вог1у кхаъ бохьуш, замойна хьалха!
Ас хаам бо шуна, схьало сан «деши»,
Нускал ду схьакхочуш, далош бу вежарий!
Воккха стаг. (Кхаъбаьккхинчунна улло воьдуш кхаъана «дашо» ло. Хьешашна улло охьахуу.)
Марвежарий, Нускал. (Нускалан дехьа, сехьа а ваьлла, Нускалан куьйг лаьцна жимахверг а волуш, гучуволу ши марваша.
Марнана.
Дуьхьалайоьдуш Марнанас т1еоьцу нускал, марадуллу, дает конфету. Баьрчче «соне» доккхуш юьстаха доккху, когашна к1ела кхуссу куз, Нускала схьагулбой юьстахабоккху куз.)
Йог1ийла хьо маьрша, йог1ийла мерза,
Моз хуьлда хьан дахар, б1е шарахь яха!
Барт болуш ехийла тхан нус кху кертахь,
Ирс долуш хуьлийла, сан йо1, хьан дахар!
Ловзаран да.
Ирс долуш дехийла нускал кху х1усамехь,
Сий долуш бехийла нохчий шайн махкахь!
Го шорбеш хьовзалахь х1ай, нохчийн ловзар!
Х1усамда ву волуш марнанца говза!
Воккха стаг.
(Баккхийнчу нахах тардеш хелхар до воккхачу стага, ловзаран гона юкъа а волуш)
Марнана.
(Воккхачу стага «д1акхойкхуш», гона юкъайолуш, йоккхачу стеган халхар до воккхачу стагца)
Ловзаран да.
Ирс долуш ю х1усам, цу кертахь хьийзахь,
Жима нускал, хьешашна шун х1оттадеш,
Ирс долуш ю х1усам, цу кертахь хьийзахь,
Ловзаргахь и хьеший чан г1аттаеш!
(Шен буйнара г1аж т1ехьажаеш, хьеший хелха боху. Цаьрца хелха боху оцу г1уллакхана кечбина д1ах1иттийна мехкарий)
Ловзаран да.
Хелхарна гуо тийсина х1усамда тахна,
К1адвелла хир ву-кха, хьагвелла хир ву,
Халхарша к1адбина хир бу-кха тахна,
Вайн оьзда и хьеший, хьагбелла хир бу
Валаргхойн шовданаш мел шийла ду-кха,
Валаргхойн нускалаш мел хаза ду-кха,
Х1усамда дехалахь, нускале сихха,
Ша санна ва шийла, шовдана и хи!
Воккха стаг.
Вайн нускал хаац-кха, мотт хууш юй а,
Юй техьа г1иллакхен, юй техьа оьзда!
Хаац-кха цуьна багахь мотт банне буй а,
Даийтал нускале и шийла шовда!
Нускал. (Мехкарша шена буйна белла хи чохь долуш чами а бохьуш х1усамда, хьеший 1аш болчу истолан улло йог1уш, кховдабо мардега хин чами)
Воккха стаг.
(Хих буьзина чами хьалаойбуш)
Шийлачу шовданах буьзина х1ара чами,
Ас мала мегий те, хаьа и хьанна!
Алал соь, х1ай, сан йо1, «хи мала» алий,
Хьагвелла ма ву со… пожарник санна!
Нускал. (Эхь хета кеп х1оттош)
Ва, Дада, сихо е!  … хи мала хьайна!
Воккха стаг.
Ма мерза хи ду и! Баркалла хьуна!
Ехийла ирсе хьо б1ешарал сов а,
Совг1атна х1ара деши ло аса хьуна,
Хьешаша лург хир ду-кха ас чулла сов а!
Нускал. (Шен букът1ехьа д1алачкъийначура гучудоккху шун, и оьций йолало «мардегара» а, хьешашкара а «деши» гулдан)
Ловзаран да.
Вайн нохчийн ловзаргахь и к1ентий оьзда,
Бовлу-кха шаьш хелха, бохь буг1уш курра!
Вайн нохчийн ловзаргахь мехкарий оьзда,
Бовлу-кха шаьш халха, к1ант воккхуш курра!
(Цхьана йо1аца ша хелха а волуш, чекхдоккху ловзар)