Мерза бу ненан доьзале безам

Аза Атагинская
Буса наб ца ярах, ца хуьлуш дера,
Кхуьучу доьзалах хьо йоккхаера.
Хьай лазам доьзалах ахь лечкъабора,
Аллах1ан кхолламна яра хьо къера.

Сан самуо йоцчуьнан тидам  ахь бора.
Дахаран башхаллех  кхетам ахь лора.
Кхолламо човхийна, со йоьхна хилча
Эсалчу хьехаршца  цатам байбора.

Хьан елакъажаро дохдора дахар,
Эсала хьежаро хаздора дуьне.
Ховхачу куьйгашца дайдора лазар,
Со хьуна уллехь бен хиллий-те ирсе?!

Цхьа башха бу ненан доьзале безам.
Ирсе вуй хаалаш цунах къурд бинарг...

Азман Джабраилова