Маржа-яl, кlант вина нана...

Аза Атагинская
Маржа-яl, хьо кlентан нана!
Кlант кхиош хало ахь лов.
Ийман доцу йоl йовзарна,
Доьсси цуьнца керта дов.

Несо лелош чорда гlиллакх
Хьешашна а хийла го.
Ца г1ерта каде дан гlуллакх.
Маттаца-м болх шера бо!

Эхь доцу ши бlаьрг тlебоьгlча,
Туху ненан даге ов.
Халла к1ант кхиийна яьлча,
Ца моьттинарг хили чов.

Ледара к1ант х1утту холча,
Нускалан ца дуохо дог:
-Нана, собаре хьо хилча,
Дуьжур дара даьлла дов!

... Маржа-яl, кlант вина нана,
Тахна яьлла несна сов!
Реза йоцуш дош ахь аьлча,
Хуьлуш ду-кха кертахь дов!

Азман Джабраилова
2009 шо.