Кховдае безаман бьаьсте

Аза Атагинская
Седарчех йуьйцина бой тесна буьйсано
Вайн лаьмнийн баххьашка, тийначу хьаннашка.
Беттаса к1адделла, бецан тхи къагийна,
Ойлане йоккхуш со, сан корехь д1атийна.

припев:

Ас хьоьца йокъар ю сайн деган къайленаш,
Ас хьуна йуьйцар ю сайн чолхе ойланаш.
Тийналлехь бацала седарчий оьгур ду.
Нах хьоьгуш хьанала, ирсе вай дехар ду.


Кийрара ша башош б1аьсте ахь ялийта.
Безаман зезаге орамаш тасийта.
Хьо цхьаъ ву даима сан дахар къагийнарг,
Лом санна дог долу, х1ай нохчийн оьзда к1ант.

припев:

Б1аьстенан хьозано йиш лоькху сан корехь,
Хьоь йолу синмарзо цо стигла айъина.
Кховдае соьга ахь безаман и б1аьсте,
Хир вац кху дуьненахь кхин цхьа а хьоьл хьоме.

припев:

Азман Джабраилова

---------
Музыка Азман Джабраиловой
Исполнила Таиса Парсанова