Жимачу адамна лерина

Асет Халикова
Синтемах далар а х1ун ду ца хууш,

Мацделча дузар бен,

К1адделча дижар бен

Дахар ца девзаш,

Цхьа жима адам ду дуьнен чохь кхуьуш.

Малийкийн хьестарх а г1енах ша доьлуш,

Хьаьстича делар бен,

Човхийча делхар бен

Дуьне ца девзаш,

Цхьа ц1ена дог ду-кха сиха детталуш.

Цхьа беха некъ бохьуш кху лаьтта деана,

Кохкурша къийлар бен,

Хьацарх самдийлар бен

Ирс, бала ца бевзаш,

Цхьа жима малик ду-кх адаме доьрзуш.

Х1ун хаьа х1ун гур ду дахарехь цунна,

Я цуьнан г1енаша цуьнга х1ун дуьйцу?

Массара лайнарг бен,

Массо а хьегнарг бен

Х1ун дара дахарехь цунна ган диснарг?

Ден, ненан къа токхуш дуьненчу даьлларг…

Ша т1аьхьадисна а,

Я хьалхадаьлла а,

Адамийн доьхьа цхьаъ д1адала дезарг.

Кха дагарх,

Ц1а дагарх

Са дагор доцуш,

Цхьа жима адам ду-кх,

Ирсо хьаьстиний бен,

Балано лазийний бен,

Дуьне шех диса йиш йоцуш…