Хьиййначу лаьттах д1аийна ,
Дег1-орам мурбала боьлча,
Бакъонан ков-стигал сийна,
Дуьненан харцонел тоьлча,
Исрапил-маликан зурма
Шен мукъам болийна яьлча,
Дуьненна деш хилла хьурмат,
Синошна дазделла, хьаьхча,
Адамийн диканаш-вонаш
Цу мизантерзанца оьзча,
Г1ибатийн,питанийн муонаш
Ца йинчу 1амалал тоьлча…
Т1аккха-м вай кхетар ду вовшех,
Дуьненахь вовшех ца даьшнарш,
Питанаш даржадеш д1аьвше,
Г1иллакхе 1адаташ хьаьшнарш.