Бераллин сан доттагI - моим друзьям детства, Нуска

Вахит Хаджимурадов
Бераллин сан доттаг1, кечлолахь сиха,
Маьлхо шен з1аьнаршца сама йоккхуш 1уьйре.
Бералле боьдучу новкъа вай кхиахь,
Б1аьстене кхочур вай, кхачале суьйре.

Хьажахьа, сан доттаг1, и сийна гунаш,
Б1аьстено техкайо бераллин хьаннаш.
Экскурси, ц1ен галстук – дагайог1ий хьуна?
Дешархойн бералла ца евзина хьанна!

Полларчий-зезагаш байна т1ехула лепаш,
Цхьана классехь доьшу йо1 зезагах тера.
Б1аьстенан и полла шех цунна хеташ!
Хьан б1аьрса-м цу «поллана», цу йоь1ан карахь.

Дуьххьара черешни, май беттан балла,
1аьржанаш, к1айн басахь и мерза комарш!
К1айн 1ежан аг1ано бос эцна алла,
Аказийн зазанаш, сиренийн хьожанаш.

Колхозан бешан дай вай децара аьхка!
Хехочуьна говранах кхерахь а жимма.
Бераллин вайн беша вай тахана даьхки,
Хехочун говранах ларалуш хьо хилалахь.

Моз санна чам хазачу, сийначу 1ежех
Четаш вай дузура ду, вай лийча доьлху!
Х1ай датон Мартана тулг1енаш, хьежарх,
Шух 1абар хира ма дац. Шуна мара тхо лоьлху!

Сирлачу Мартанан тулг1енаш ловзуш,
Аьхкено йохъйина и т1улгийн тог1и.
Аймана чу кхоссалуш дег1 хьовзош говза,
Маьлханан куьзгана чохь ю берийн тоба!

Тулг1енийн асанан бердана йист дашон,
Г1амарлахь берийн ц1оз ц1ог1машца керчаш.
Лийчаро шелдина шайн даг1маш 1абон,
Бераш цу г1амарах ненаха санна хьерчаш.

Лакххьарачу 1омана т1е 1уьйренца кхуьйсуш,
Ч1ерашна дуог1а и ира м1ерий эций,
Г1уо войшиъ, Доттаг1а, цаьпцалгаш луьйцуш.
Ч1ерашна чам кхетарш цаьпцалгаш йеца.

1уьйренан тулг1ена чухьожуш малхо,
Самадоху ч1ерий а эрзана йистехь.
Чаралоцуш аьтто хуьлу хьалаг1аьттича хьалхе,
Сан жима доттаг1а, сихло хина йистте.

Мелчу цу мохо и эрзана г1а хьоьсту,
Хина х1ознаш даржадаеш черий ду ловзуш.
Дашочу з1аьнарша бералла хьоьстуш.
Сан доттаг1 вайшиъ ву, замана ч1ург хьовзош.

             Нускал
Малх суьйренца цхьана барте боьрзуш,
Мартана йистте вог1ура ву со.
Маьхкаршца хьо хинйисте йоьдуш,
Ларор ю ас хьомениг хьо.

Вайн безаман теш ду и Марта,
Дашон ч1ург ахьа кера суна ло.
Маьхкарий бу хьоьгуш вайн бартах,
Царна ирс а Мартано ло.

Ширчу заманахь дуьйна безам
Хинйисттехь ша кхоллалуш бу.
Йо1е к1анта олу: Хьо еза.
Сирла тулг1е теш цунна ю.

Нускал хи т1е доккху хина йистехь,
К1удал хине цо кховда йо.
Керла дахар долалуш листа,
Нускал хино ша декъала до.