Мой Ачхой-Мартан - на чеченском языке

Вахит Хаджимурадов
      Сан Марта
Сан Марта, ас даима хьох дозалла дина,
Воккхавеш, иллешкахь хестийна хьо.
Бошмашкахь бера  долуш, ахьа техкавина,
Хьан карахь ирс муьйлуш кхиина со.


Сан 1ашхой-Мартант1ехь малх сирла беца!
Сан 1ашхой-Мартант1ехь беттаса ду!
Сан Марта, мел хаза хьо суна хета,
Сан Марта, иллийца ас хьостура ю!


Хьан сирла урамаш малх санна къега,
Сан Марта, хан яларх, хьо къонлуш ю.
Оьздачу мехкарийн эшараш ека,
К1ентий хьан г1иллакхах буьззина бу!


Маьждигийн момсарш ю дашон бос лепаш,
Бусалба, сан Марта, мел хьомен ю.
Хьан г1ишлойн оьзда и куц-хаза кепаш
Хьаша-да т1еэца комаьрша ю.


Мартанан тог1ин чохь хина тулг1е ловзу,
Дато шен аг1онаш керча а еш.
Мартанан хинйистте дин-бере вог1у,
Шийлачу тулг1енах дин 1аба беш.


Б1ешераш дагардеш, яха, сан Марта!
Хьайн к1ентий, мехкарий ирсе а беш,
Эзарнаш шерашкахь яха, сан Марта,
Яхьйолчу мартанхойн сий даржа деш!