Чхьевриган мари

Ваха Докаев Шалавдиевич
Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка

Матардоьллачу диттана уллехь ехаш хилла 1аьржа чхьевриг. Шо шери даьлла иккхина йоьдуш хилла зама, чхьевриге цхьаммо маре ца кховдош.

Буьйсанна и гуш ца хилла 1аьржа хиларна. Дийнахь гича, "буса ма гарга!!" олий, гинарг а, къехкаш хилла.

ша динчух бен захалуо хила ца долла аьлла, тохаелла  1аьпжа чхьевриг. Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка аьлла шена ц1е а тиллина, катоьхна ялх зинтиг а доьжна к1ойсаки ворданах, маре яха ара яьлла 1аьржа чхьевриг.

"Х1ойц" олуш, зинтагий а чехош, х1ара ворданахь лаьллана йог1уш гина бежа1у цецваьлла.

- Х1е йоьду 1аьржа чхьевриг! - аьлла мохь тоьхна цуо вай хьеше, - ахьа х1у леладо?
 
Жоп делара 1аьржа чхьеврагуо куро:
- Чхьеврагалла 1аржлойла хьо, хеназа вакъалойла хьо, со чхьевриг мел яцахь!

Гуттар а цецваььла бежа1у:
- ва, мила ю хьо,- къамеле ваьлла и.

- Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка ю ша, мари яха араяьлла а ю ша, аьлла жоп делла чхьевраго бежа1уне.

Б1аьрг буьзана цу къамело а, гучу тамашийна суьрто а бежа1уьна.
Элар боху цуо:
- соьга йог1ар яцар хьо мари? - аьлла.

- хуур ду- кх, аьх оьг1аза вахча, х1ун дийра ду хьаьжжана,  - аьлла жоьпе елара вай нус.

 Д1аса а хьаьжна, г1аж гайтар беж1уьно:
- Х1ара сайн бежа1уьнан г1аж тухура ю-кх аса хьуна оьг1аза вахча,

Реза ца хилара  Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка цу девна:
- Х1ан-х1а, - элира ч1евраго, - ца йог1а со хьоьна а, бежа1у!

Лаьллана йоьдуш, текхечира и жа1уна. Цаьцваьлла къамеле велира жа1у:
- Х1е-е йоьду, 1аьржа чхьевриг, ахь х1ун леладо? - аьлла.

- Чхьевригалла 1аржалойла хьо, хеназа вакъалойла хьо, со чхьевриг маьл елахь, - аьлла карзахелира чхьаьвриг.

- Ъ-вай, х1ун ю хьо тхаккха, - аьлла вуьхира жа1у?
-  Сарийсу Лечи йо1Анна-Мажубийка ю со. Мари яха араяьлла а ю. Хьол хьалха бежа1а ца яха со.

- Соьга йог1ур яцара хьо? - аьлла т1евирзира жа1у, йо1 къуьйсуш юй ма хиънехь.

- Хуур ду-кх ахь оьг1аз вахча х1ун тухура ю дийцича, - жоп делира вай несо.

- Х1ара сайн жа1уьнан г1аж тухур ю-кх,- аьлла жоп делира жа1уьно, д1аса а хьаьжна.

- Х1ан-х1а,- аьлла я1ана ластийра Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийкас, - и дов а соь лалур дац.

Кхин а бехха некъ бира вайн несо, кха т1е кхаччалц, дуьхьал мукхадахк кхетталц.

Цаьцбелира и, къамеле белира:
- Х1е-е, йоьду 1аьржа чхьевриг, ахь х1ун леладо, аьлла.

- Чхьевригал 1аржалойла хьо, хеназа вакъалойла хьо со чхьевриг маьл елахь, - аьлла даръелира чхьевриг.

- Ъ-ва х1ун ю хьо?
- Сарийсу Лечи йо1 Анна- Мажубийка ю со, мари яха араяьлла а ю. Хьуна т1е кхачале масех захало юхатоьхна а ю.

- Соьга йог1ур яцара хьо,- хаьттира мукхадехко.
- Хуур ду-кх, ахь оьг1аза бахча х1ун дийра ду хьаьжжина.

- Мазла а 1оьттина, х1ара сайн ц1ога тухур ду-кх аьлла, жоп делира мукхадахкуо.

- Хьога йог1у ша, - т1етевжира чхьевриг.

Иштта х1орш бертахь деха-аш, т1екхечира 1а. Дахкуо аьхкануо лечкъийна ялтанаш кхачийча, къамеле белира и:

- Хи йисте а г1ой к1удал юзий хи да вайна, аса лулахочуьнан сайри чу а баьлла, бага юззина ахьар дахьар ду вайна - сискал ер ахь вайшинна, Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка.

Б1аьстенан хотта бара арахь. Хинна герга г1оьртина йолу чхьевриг, хоттануо ког а льцна йисира. Важа ког г1ортийра цуо, и схьабаккха г1ерташ: и а чохь бисира. Кхозлаг1а, боьалг1а а, пхоьалг1а, ялхалг1а а - чохь бисира. Мохь бетта елира и. Еххара гира цунна хотталахула воьду говранахь бере. Къамеле елира чхьевриг, де доьхна.

- х1е-е воьду бере! Алахь сан х1усамдега - Мукхадехке - цуьнан зуда, Сарийсу Лечи йо1 Анна-Мажубийка, хи эца яханчохь, хотто лаьцна алий!

Гуш аддам а доцуш, цецваьлла вехха д1асахьийжира бере, говро а хьийзош.
Воьдучига д1акхаьчча, дийцира хьешо гуш аддам а доцуш, шена Сарийсу Лечи йо1Анна-Мажубийкий г1о доьхуш хазар.

Х1усамден сайри чохь мукх лачкъош боллучу мукхадехкана хезара и къамел.
Иккхина д1акхечира и хи йисте, хотталахь йоллур чхьевриг. Озийра майрачо чхьевриган ког хотталар - т1ера схьабелира. Шолг1аниг озийрв - схьабнлира ког, яллхий а ког схьабелира - хоттано д1а ца хоьцуш.

Корта а лаьцна озийра цо шен зуда - корта а схьабелира. Цкъа боьхна хьаьвзив мукха дахк, т1аккха куьг а а ластийна, т1е ког а хьаькхна, д1ашарбира цо хотта.

Докаев Шалавдис дийцина