Назманаш

Ильмади Цоккуев
НАЗМАНАШ

Хьайн возаллин дуьхьа я Аллах1 Дела,

Хьайн сийлаллин дуьхьа я Аллах1 Дела

Йазйина йохучу Хьайн ц1ерийн дуьхьа

Тхан къиношна гечделахь я Аллах1 Дел

Маликашлахь дезачу Джабраилан дуьхьа

Пайхамаршлахь везачу Мухьаммадан

дуьхьа

Каламашлахь дезачу Къур1анан дуьхьа

Тхан къиношна гечделахь я Аллах1Дел.

Пайхамаршка деллачу му1зижатийн

дуьхьа,

Авлияашка деллачу караматийн дуьхьа

1еламнахе деллачу 1илманийн дуьхьа

Тхан къиношна гечделахь я Аллах1 Дел

Элчане доссийнчу Къуръанан дуьхьа,

И охьакхехьначу Джабраилан дуьхьа,

И цхьаьнатоьхначу асхьабийн дуьхьа

Тхан къиношна гечделахь я Аллах1 Дел

Шен к1антана урс хьакха кийча хилла- чу Ибрах1иман дуьхьа

Шена урс хьакхийта реза хиллачу

Исмаилан дуьхьа

Ялсаманера ка бохьуш деанчу

Джабраилан дуьхьа

Тхан къиношна гечделахь я Аллах1 Дел

Ахь Хьайга лиевинчу ва Мусан дуьхьа,

Да воцуш кхоьллинчу ва 1ийсан дуьхьа

Элча дукхавезначу асхьабийн дуьхьа

Тхан къиношна гечделахь я Аллах1 Дел

,

Элча дуьненчу ваьллачу цу Макки дуьхь

Элча д1акхелхинчу Мадинин дуьхьа,

Элча чохь 1уьллучу Ровзатан дуьхьа

Тхан къиношна гечделахь я Аллах1 Дел

Дела реза виначу Мухьаммадан дуьхьа,

Элча реза виначу Хадиджи дуьхьа,

1ела реза виначу Фат1иматан дуьхьа

Тхан къиношна гечделахь я Аллах1 Дел

Да реза виначу Исмаилан дуьхьа,

Нана реза йиначу Увайсан дуьхьа,

Устазаш реза биначу муридийн дуьхьа

Тхан къиношна гечделахь я Аллах1 Дел

Тхан 1амал-1ибадат Ахь къобалделахь,

Тхан заь1ап ийманаш ц1андай тоделах

Аррохьман, Аррохьим Хьуо хилар гойту

И хала къематде тхуна дайделахь.

ЦОККУЕВ 1илмади

ЭЛЧАНО ОРЦАХ БИЕХАР

Данза 1ийр доцчу,

Ша хала дуьйцучу

Къематан дийнахь

Умматан г1айг1ано

Гатвина хьийзачу Элчано

Мохьбеттар бу боху

Джабраил-Малике:

Ва-а-а Джабраил!

Шен дика ваша, Джабраил!

Умматах ши дакъа дича

Цхьа дакъа шена т1елаьцна

Вара-кх Абубакар ва Сиддикъ,

Г1о оьшу алахьа Цуьнга,

Орцах вола алахьа Цуьнга!

Ва-а-а Джабраил,

Шен дика ваша, Джабраил!

Умматах кхо дакъа дича,

Цхьа дакъа шена т1елаьцна вара-кх Хаттабан ва 1умар,

Г1о оьшу алахьа Цуьнга,

Орцах вола алахьа Цуьнга!

Ва-а-а Джабраил,

Шен дика ваша, Джабраил,

Умматах диъ дакъа дича

Цхьа дакъа Шена т1елаьцна вара-кх

1аффанан ва 1усман,

Г1о оьшу алахьа Цуьнга,

Орцах вола алахьа Цуьнга!.

Ва-а-а Джабраил,

Шен дика ваша, Джабраил!

Къематдийнахь

Умматаний жоьжахатин ц1арний

Юккъехь лаьттар ву Ша

Аьлла вара-кх Муртазал ва 1ели,

Г1о оьшу алахьа Цуьнга

Хие х1отта алахьа Цуьнга,!

Ва-а-а Джабраил,

Шен дика ваша, Джабраил!

1елега ца йоьдуш

Шен дуьхьалъяларца

Делаца махбина,

Уммат урдонна даьккхина

Йара-кх и Шен йо1 Фат1имат,

Г1о оьшу алахьа Цуьнга,

Шен урдон дола дие алахьа Цуьнга!

Ва-а-а Джабраил,

Шен дика ваша, Джабраил!

Шайн ненан урдо

Пунчдойтур дац аьлла вара-кх

Хьасайн а, Хьусайн а,

Г1о оьшу алахьа Цаьрга,

Орцах дуьйла алахьа Цаьрга!

Вайн Элчанна орца лойла Дала,

Цо бехначех вай а хилахьара.

Къематдийнан халонах лардойла!

Ялсамани вайна Цо хьакъйойла!

ВОККХА-ХЬАЬЖИН БЕРКАТ

Къинхетаме Дела вара,

Умматан да Элча вара,

Элчанан варис Ташов вара,

Марша ва Хьо, Воккха-Хьаьжа!

Дала дина совг1ат дара Хьо,

Ислам, ийман дохьуш веана.

Авлияийн тхьамда вара Хьо.

Марша ва Хьо Воккха-Хьаьжа!

Хьан беркатен нур даьржира

Дахкарх терра, бода эккхош.

Дег1аста Ахь серлаяьккхи,

Марша ва Хьо, Воккха-Хьаьжа!

Хьо хьехавеш ладийг1инчар,

Ахь дийцинарш бакъдиначар,

Хьо къобалвар алсамдели.

Марша ва Хьо, Воккха-Хьаьжа!

Сесана корта хаьржира Ахь,

Бештох накъост хилира Хьуна.

Цо доггаха аьлла хир ду:

"Марша ва хьо Воккха-Хьаьжа!".

Дала билгалйинчу бешахь

Ахь исламан стоьмаш кхиий.

Сийлахь йолчу 1алашонца

Ахьа къона Хьаьжой кхиий!

Г1еза-Хьаьжа, Кишин-Хьаьжа,

Узун-Хьаьжа, Абаст-Хьаьжа

Хьайца цхьаьна балабелахь

Ахьа тхоьгахьа г1одоккхуче!


Дала пурба лойла Хьуна

Караматех пайдаэца,

Ледарлонаш йагар ца еш,

Тхуна гечдар Шега диеха.

Тхан дегнашчохь хилла бода

Эккхабеш Хьо гучуваьлча,

Нур даьржира Нохчамахка,

Марша ва Хьо, Воккха-Хьаьжа!