Нохчийн Нана

Петимат Абубакарова
Х1ара дуьне цхьана куьйга диллина,
Д1аделча а,к1еззиг хеташ,берана,
Доьзал кхиабо цуо ,чу садиллина,
Х1ораннан а б1аьра хьоьжуш лерина.

Хьоме ша бен кхин вац ,моьттуш к1антана,
Шел езаниг кхин ца хеташ йо1ана...
Ненан безам хеташ сийлахь дозалла
Иман-беркат долуш кхуьу доьзал а...