Нохчийн мотт-сан ирсан г1айре

Мадина Халикова
Б1аьстенан баьццарчу арахь,
Хазалло лаьцча сан са.
Нохчийн мотт-сан деган марахь,
Дуьненан х1айкал хьо сан!

Дахаран тешаме дешнаш,
Ахьа делла,латош сан дог.
Хьоьх йолу ойла сайн хазъеш,
Олу аса х1ора хьан дош.

Халоно 1овжийна йисча,
Г1айг1ано йожийча со,
Хьоьцана сайн ирс а дешна,
Еха со,йоккхаеш хьох.

Дуьненан берриге бахам,
Сайн дола баьккхича а,
Ирсе хир дацара дахар,
Хьоьха ца хьирчича са.

Нохчийн мотт-сан ирсан г1айре,
Хьогалла йойъу хи сан.
Ирсе а,токхе а,Майра,
Хьоьца бен хир дац сан са!