Дицделахь хилларг...

Мадина Халикова
Ца хоьтту аса хьоьга,вай х1унда къаьсти!?
Дохийна дагна а ца доьху жоп.
Кхечуьнца дахарехь,хьайн ирс а лахий,
Доьху хьоь,гайтахьа,Ирсе хьайн дог.

Ма леха дахарехь,хир ю со гена,
Мерзачу г1енашка йог1ур яц со.
Кхин хир дац дахарехь,сан дог хьоь кхийдаш,
Ма хетта,ирс долуш,вехийла хьо.

Дицдина хилладерш,сайн ирс а лехна,
Дагчуьра хьо ваккха хьожур ю со.
Д1адоьвларш дагардан,ца х1уттуш,г1ийла,
Аса ирс сайн лохур ду,дуьненахь сирла.

Ца хоьтту аса хьоьга,вай х1унда къаьсти.
Дохийна дагна а ца доьху жоп.
Вай къастар дицдина,ког боккхуш г1ийла,
Д1айоьду дуьненахь ирс лаха со...