Къаналла

Адам Герман
… Ма делха кийрар Дог!.. - Къуонаха деци вай!
-Замано дут1къ дина, Цамгаро леци хьо…
- Даглецарш алсам ду, Халонаш Шортта!..
- Нехан а, хилла бу, Дог 1овжош, лот1къама.
- Д1а йахна д1а йели, Дуьненар марзуонаш,
- Хьан коьрте ва хьийза, Синготта ойланаш…
- Дахар ша башха ду, Дуьненан хозаллехь,
- Т1аьхьенаш кхиор йу, Безачу Доьзалехь…
- Т1аккха хьо кхочура, Цу Дадин шерашка,
- Т1аккха хьо воьрзара, Цу Бабин шерашка!..
- Хуар ду, гур ду-кха, Церанна кийрар Дог,
- Тер ойла хир йу-кха, мел боккху 1ахьа ког!..
- Д1а йахна д1а йели, Дуьненар марзуонаш,
- Хьо аьлла ма вели, хуар ду ва хьуна.
- Хьан т1аьхьен т1аьхьенаш, Б1арг бетта ва воьлча,
- Цу Дадин ойланаш, Хьан коьрте хьийзача!..
- Кийрар Дог дут1къ делча!.. Даглецмаш базбелча!.. 
- Хьо хьайца ва висча!.. Б1аьрг боьлхаш тийжача!..
- Хуар ду ва хьуна, Цу Дадин ойланаш.
- Къан велларг, вела-кха, Стена ва баьхнера!..
- Воккхалла, Къаналла, церанна башхалла…
- Хуар ду Кийрар Дог, Ша туоха ва делча!..
- Хьан Зама ва йеъча!.. Кош баьрзийн Кешнашка…
- Вай йина 1амала, хир йу-кха Дозалла!..
- Ца йинарг йисина, кош барзийн йозалла,
- Хуар ду ва хьуна, Лахьтийчохь хаьттича!..
- Са-н мерза вежарий, Ва безна гергарнаш!..
- Дог ц1ена Доттаг1ий!.. Вай къаста герга ду!..
- Дуьненар хан-зама, Аллах1ан керахь йу!..
- И воцарг валанза, Дуьненахь, валаца!..
- Ва вовшен йина васс,  йазлуш йу, Балаца…
- Къинт1ера довларца, сан барза хьасталаш!..
- Цу лахьтуо хьулвича, Тептараш къоьвлича,
- Барт хатта буолийча, Кийрар Са, хьовзийча,
- Диканаш тоьр-те, Вуонараш сов довлий?..
- Ца хуаш холчахьа, Ойланаш йуьсара…