Нана

Хасан Маерсултанов
Нана, сан дахаран хазна,
Нана, сан деган аз.
Хьо яхалахь дуккха а нана,
Йоцуш хьо декар дац аз.

Кхиош ахь жималлехь дуьйна,
Валийна кху хене схьа.
Даггара баркалла хьуна,
Нана, сан мерза хьо са.

Ахь дахарехь лайначуьн  мах а,
Вера вац д1абелла цкъа а.
Эшахь а, ца кхоош атта,
Д1а лур ду хьан дуьхьа са.
 
Доьзалалан хьашташна даьгна,
Г1елделла хьан кийрахь дог.
Делахь а, Нана хьо даима,
Ган лаьаа байн боккхуш ког.

Дахаран некъаш а тоьгуш,
Тиларха хаддаза ларвеш.
Бакъновкъа хьехам беш воккхуш,
Яхалахь нана, ц1аваре хьоьжуш.

Хасан Мерсултанов