Нана

Зура Аутиева
Дуьненан х1орданаш карзаха довлахь,
Лаьттара екъачу метта хи долахь,
Цо 1адош,б1арзъелла,йожа со йолахь,
Хьан дашца туьйр ю со,сан синтем-нана...

Сирлачу беттасин нур ган йиш йоцуш,
Къегинчу малхана ела дог доцуш,
Дог доьхна,са эшна,со йисча,нана,
Довхачу хьан дашо хьостур ю хьуна...

Балано,г1айг1ано буйна со лацахь,
Дахаран халонаш лан ницкъ хир бацахь,
Ца хилла г1ора хьан дашо лур суна,
Цундела,дош алий,дог айъа,нана...

Йоьжначохь кога со х1уттур ю хьуна,
Сан нана,хьо сайна мел еха уллохь...
Дуьнен чохь кхин цхьа а ца оьшу х1ума,
Бахам а,дахар а хьан ц1е ю суна.