Ненах дош

Зура Аутиева
Б1аьргашна ца дайна зезаг ду хьо,
Лергашна ца хезна илли ду хьо..
Ца хилча йиш йоцу,х1аваъ ду хьо,
Хьомсара сан нана,дуьне ду хьо...

Хьомсара сан нана,сан са ду хьо..
Муьлххачу лазарна дарба ду хьо...
Боданехь б1аьргашна серло ю хьо,
Г1айг1ане со йоьжча,Синтем бу хьо...

Шелоно г1елйича,йовхо ю хьо...
Дилха дог 1оьвжича,самукъа-хьо...
Хьан сибат,мерза аз дагахь ас хьо...
Дахаран сан маь1на,нана,ду хьо...

Набарна со товжош мукъам бу хьо...
Уггаре сирланиг седа бу хьо...
Нана,ас даггара дозалла до,
Хьо йолуш,сел ирсе хиларна со..