***

Зура Аутиева
Суьйранна хьоьжур ю хаддаза коре,
Сайн мокха ойла д1аэккхор ю ас...
Юьтур ю,йицйина, дог 1овжош, сайна
Хийлазза хийламмо йитина вас...

Дицдийр ду,б1аьргеха хи доккхуш,хийла,
Дош олуш къаьхьаниг,хьийзийна са..
Цхьацца сайх д1акъастош: зиэнаш а,чевнаш...
Маьршачу ойланца со г1ур ю д1а..

Г1ур ю д1а,дитина лаьттахь мел дезнарг,
Со г1ур ю, битина гергара нах..
Вуьтур ву кху лаьттахь дагна мел везнарг,
Дерриге дуьтур ду,деш дагна къахь.

Дуьтур дац,ца дезаш, к1айн дуьне дагна,
Буьтур бац,ца безаш, гергара нах.
Делахь а,бахьана: эхартахь кхана
Жоп дала юьхь яц сан,кечам ца бахь..