Индирина

Зура Аутиева
Суьйренаш йоьлхура, 1уьйренаш яхкош.
1уьйренаш йоьлхура, суьйренаш яхкош..
Сох ойла хьерчара, г1айг1анаш къехкош,
Хьо йолчу са г1ерташ, кийрахь ц1ий кхехкхаш…
 
Хийлазза вог1у со, гаре сатосий,
Ехачу юьртана гуонаш ас туьйсу…
«Тахна гуш яцахь а, дагахь ю»,-олий,
Сан даго, аз хазош, сих-сиха дуьйцу.
 
Хийлазза, сатесна аз хаза, 1ийна..
Хьан амат ган лууш, лийлира со,
Сан ойла хьо йолчохь кхерсташ,Индира,
И эккха ма елахь,ас дехар до!
 
Шовданийн х1онс хуьлий,хьан хабар дека,
Хан сацо дог хуьлий, садетта ас.
Хьайх херло ахь цкъа а ма ала соьга!
Хаалахь, сан даге и лалур дац..