Са дуьне... чеченский стих

Касуева Мата
Сан дуьне х1унда ду, бодане доьжна?
Х1унда ю ойланаш х1инца сан йоьхна
Хунда хьо яьлла те, сел хийра суна
Дерриге сай дахар ас делча хьуна?

Мохо д1а баьхьна те бийцина безам?
Даг чура баьлла те, соьх болу тешам?
Хьо яйча са дайна, дерриге суна...
Х1у ду те, хьа даго хьаьхнариг хьуна?

Хьо лелла некъахул, ойла йаьш леларх
Ца кхетта диначух, мял ч1ог1а хьежарх
Х1унда ахь йохийна вай ирсан г1ала?
Сан безам, хинца хьо, сан г1айг1а бала

Стиглара къега сирла малх санна
Къегийла хьа дахар ирсанах дуьзна
Къоьвлийна къона дог, собар а дехна
Лаьттачу хьоьга ас и дешнаш аьлла

Сан дуьне х1унда ду бодане доьжна?
Х1унда ю ойланаш х1инца сан йоьхна?
Соь хьоьжу б1аьргаш чохь, безам ца гича...
Сан дог, сан ойланаш, 1ехийна хилча?

Касуева. Мата