***

Зура Аутиева
***
Малх хьаьжна сирла де суьйренга даьлча,
Малх буьзна и суьйре 1уьйренга яьлча…
Доттаг1, ахь ойла е, х1ара сан дешнаш
Леринчу тидамца хьо дешна ваьлча.
 
Ойла е, новкъарло ца йойтуш хьайна,
Х1ора дош маь1ница дуьзна ду хьуна.
Нагахь кху мог1рехь цхьаъ хьайна ца тайнехь,
Ца соцуш, д1аешар луур ду суна…
 
Ца лечкъош, дагахь дерг яздина хьуна,
Гонаха гуш долчух бузарна кийра…
Со къона елахь а, девзина суна
Диканиг,вуониг а..,мах мел бу дийнна…
 
Хийлазза дахаро сан амал зийна,
Хийлазза, цкъа 1овжош, хьаьстира со..
Цкъа ойуш, цкъа йожош, хийлазза 1ийна.
-Дахаро ишттаниг х1оранна до.
 
Нийсачу некъа т1ехь цо кхуллу хьовзам,
Доьхна дег1,доьхна дог то а цо до…
Коьрта ду,доттаг1, и говзалла йовзар,
И пох1ма довзаро дахар дайдо.
 
Хийлазза кховдайо беламе меттиг,
Хийлазза ирсе во, дог деладой..
Хийлазза кховдайо тамаше киртиг,
Хьо хьийзаш воллушехь,ойла д1ахьой..
 
Хьо йовза 1амалахь дахаран амал,
Хьо кхеташ хилалахь дуьненах, х1ай!
Собарца т1еэца муьлхха а бала,
Сий дойтуш,берзабе,доттаг1, некъ хьайн..
 
К1айн дуьне хьийзар ду, хиламаш хоьрцуш,
Буьйса д1аэккхорца даладеш де..
Делахь а,варийлахь, муьлхха а 1азап
Х1оттахь а, ма яйа дикаллин ц1е!